Гайсултанов Умар. Повести
[ Скачать с сервера (1.98 Mb) ]21 Февраля 2020, 14:59

АЛЕКСАНДР ЧЕЧЕНСКИЙ

повесть

КАВКАЗЕХЬ АЛДАРА

ИМАМ УШУРМА

Лекхачу лаьмнийн кура ирахъихина кIайн баххьаш дара гуш таханлерчу хIокху сирлачу дийнахь доккхачу Теркана дехьара схьа а. Жимачу корехула некъан мокхачу асанца дIахьоьжуш шен ирачу бIаьргашца а, дог-ойланца а уьш тIеуьйзуш Iара хенаро стаг. Иза вара оьрсийн паччахьо кху махкахь шен олалла даржо схьахьажийна веана Павел Потемкин. Ма моттара атта а ца хиллера и гIуллакх кхочушдан. Коьртачу шахьарера хIинца схьаоьхуьйту кехаташ а ду тамашийна. ХIара къам ца девза! Стоьла хьалха охьахиира иза. Екатерина паччахьан къайлахчу канцелярера Петербургера деана кехат шозлагIа а доьшуш Кавказерчу эскаран коьртакомандующи Потемкин воллуш, чувелира полковник Кек. – Хьан сийлахь-воккхалла, кхайкхирий ахь?

– ХIаъ. Охьахаа, – корта тесира Потемкина гIанта тIе. Дешна даьлла кехат ваьшта а дуьллуш, ойлане вахана, жимачу корах арахьаьжира коьртакомандующи юха а. «Боккха ницкъ шайна дуьхьалбаьккхича а совцалуш дац хIара адамаш. Столицехь болчарна яздан атта ду», – бохура цо ша-шега. – «Вас хилла элех вуй а хьажа, деши делча, я лаккхара чин а луш, цуьнан сийлаллин, паччахьан свите эцча вайгахьа вер ву-вац а хьажа». Нохчийчухула долучу Теркаца дIасанисдинчу эскаре хьажа веана вара коьртакомандующи. – Керла хIумма а хазделлий хьуна оцу шайх Мансурах, аьлча а, – сийсазе тIетуьйхира, – борз-бежаIух лаьцна? Петербургехь болчарначул чIогIа Потемкина шена а лаьара и шайх Мансур мила ву хаа. Оцу «акхачу» нохчех схьаваьлла ву бохург даго тIе ца дуьтура. Мансура шен ялх бIе стагах болу бIо цкъа вагенбургаца – лагерехь шатайпана ворданаш дIахIиттор – мостагI тIелатарх ларлуш генна хьалха хаш а дохуш, муьлххачу тIеман гIуллакххочун сий ойур долуш дара. Иштта хIума муха хуур дара хьан-хьанна а! ХIанхIа, цхьа къайле йолуш стаг ву иза...

Чтобы продолжить чтение скачайте книгу  

Скачать с сервера (1.98 Mb) ]
Категория: Мои файлы | Добавил: kanta_ibr
Просмотров: 55 | Загрузок: 2 | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close