Нохчийн литературица шовкъ йолучарна дика евза Сулейманова Зайнапин ц1е. Цо язъен дукха хан ю. Шен мотт безаш волчун цу маттахь яздар а говза нисло. Х1ора дийнахь ша деш долу къамел ненан маттахь дешверг шен мотт ларбеш ву, ткъа оцу маттахь яздешверг – и кхиош ву. Дукха жима йолуш дуьйна кхетта Зайнапи оцу Iилманах. Хийла шен да волчу хIусамехь хуьлуш хиллачу вайн баккхийчу яздархошка ладегIна а яра ша олу Зайнапис: «Цкъа, со жима йолуш, Ами волчу веара Ошаев Халид. Сайна хуучух хьошалла деш, чай луш, хьаьвзира со. Со, язйо бохуш, бахьанаш лелош юйла а хиина, суна хьехар дира: «Дийца а ца дуьйцуш, сурт х1 ... Читать дальше »

Просмотров: 117 | Добавил: kanta_ibr | Дата: 27 Марта 2020 | Комментарии (0)

close