Лазам

Шекъанан т1адам бу мас буьххьехь кхозуш,
Сан сих ша тарбелла цу лаьтте кхийдаш.
Шогачу п1елгашца къуьйлу и егош,
Дог йовха 1уьллучу кехатах хьегош.

Йозане йилла сан ойлане хьоьжуш,
Т1улг хилла т1адамах, бац иза лепаш.
Сан са а х1инца дац диканиг хьоьхуш,
Шеконах хьаьрчина, т1улг хилла хебаш.

Айкхечу кехатах жимма бехк лоьцуш,
Яздалац адамийн лазамаш буьйцуш. 
Вуониг цхьаъ хьулварах, беха уьш дебаш,
Г1иллакхийн некъашкахь зуламца тебаш.

Дашах даш кечдина дагах чекхдохуш,
Шира чов д1аерза ца юьту огуш.
Уьйрашлахь цхьабериш шайн пайда лоьхуш,
Дитт т1ера стом санна, даг т1ера оьгу.

Кет1ара шен доза арахьа уьйзуш,
Ша хьулван кхоьллина лаьттан цуьрг къуьйсуш.
Дуй къера, дош дера къамел чохь соьцуш,
Дуьненах ца 1аьбнарг го девне вуьйлуш.

Лулахойн юьхь-сибат дицдала доьлла,
Уьйт1а хьо вахча уьш юьхь хебош лаь ... Читать дальше »

Просмотров: 50 | Добавил: kanta_ibr | Дата: 11 Мая 2020 | Комментарии (0)

Погасла звезда небосклона.
Олень притаился в тиши.
А жизнь на мгновенье похожа.
Неужто придется уйти,
Все это, оставив уйти?

Весна ожила расцветая,
Поля утонули в тиши.
Любовь я душой воспеваю,
Неужто придется уйти,
Все это, оставив уйти?

Доносится клич журавлиный,
С небес заструились дожди.
И мир бесподобно красивый.
Неужто придется уйти,
Все это, оставив уйти?

Обманчивы были дороги,
Терялись в туманной дали.
Путей в этом мире так много.
Неужто их все не пройти?
Неужто придется уйти?

Автор: Абдулхамид Хатуев
Перевод: Инга Хаяури

Просмотров: 46 | Добавил: kanta_ibr | Дата: 11 Мая 2020 | Комментарии (0)


Сан ойланаш - чуьркаш... -
Сан ойланаш - чуьркаш,
шайн мохк лоьхуш тховса 
карзахъевлла цlийза,
сан наб а еш къийза.

Наб ю кlамдар хьаьдда
маlарш хьоькхуш шена
синтеман тай хаьдда
дlауьдуш сох гена.

Бlаьрг ца тухуш lа со
дегl меттах ца долу.
Сан ойланаш - чуьркаш,
кхин дlа тlома йовлу.

Беттан гонах хьийзий,
охьаховшу кlадлой,
Цхьаьнан аз схьахезий,
уьш дlайовлу мадлой. 

Просмотров: 52 | Добавил: kanta_ibr | Дата: 11 Мая 2020 | Комментарии (0)


Т1ома дала ца кхиина са... Т1аьххьарлера маьлхан з1аьнарш д1аяйра цу юьртан лаьтта т1ехь. 1аьнан буьрсачу мохо йадош яра цу олхазарийн цхьа г1ийла, миска тоба. Яханчу заманахь дуьйна шайн схьадог1уш долчу ламасте хьаьжжина, цхьана хазчу мог1арца х1аваэ довла кечлуш дара олхазарш. Царна юкъарчу цхьаммо инкарло йира, ца х1оьттира иза оцу мог1аре х1отта. Х1инцца 1уьйранна дуьнен чу яьлла шен к1орни йитина иза г1ура а дацара цхьана а метте. Цхьа доьзал санна кхиийначу олхазаршна хьалха х1оьттинарг атта киртиг яцара я уьш зуьйш хиллехь а... Олхазарш дика кхетара, т1ехоьрсуш йолчу шелоно къа ца хеташ шаьш к1елдуьтург хиларх. Амма, шайна юкъара олхазар а, цуьнан к1орни а йитина, царах къаста ца луш дехха 1ийра уьш. Къинхетаман хьажар бен, кхин шайх дагалаца х1ума а ца дуьтуш, къайлаелира х1аваэхь олхазарийн тоба. Шайн синош довдош... Ткъа хийрачу лаьтта т1ехь йисинарг шен доьзалхочух къаста лур йоцу миска нана яра-кх. Х1инца а, цигахь ша шен цхьаллица йисарх иза башха г1айг1ане а яц ... Читать дальше »

Просмотров: 50 | Добавил: kanta_ibr | Дата: 11 Мая 2020 | Комментарии (0)

close