Со дуьххьар хьастинчу б1аьргашца хьайн иллий алий,
Суна Хьо дуьххьара гиначу сирлачу сибате ялий,
Аганан мукъамца деладеш сан доьлху б1аьргаш,
Йолахьа Нана Хьо, хьайн к1ентан ирсанна, алий.
Сан кегий куьйгаш Ахь схьалаца мацаха санна,
Жима к1ант тешаве, Хьо хиларх массо а ханна,
Йолахьа Нана Хьо, буьйсан г1енаха йола,
Хьо йоцуш леларна сингаттам х1оьттича тола.
Сан х1ора ойланан мачаш а ма ченаш юьзна,
Ахь ц1анбер, бохуш, сан когаша хотташ ма хьешна,
Йолахьа Нана Хьо, г1енаха мукъане йола,
Хьайн серло яржаеш, маьлхан де х1оьттича кхола.
Йолахьа Нана Хьо, хьайн к1ентан де хаздан йола,
Йолахьа Нана Хьо, ма дита сагатдар тола,
Йолахьа Нана Хьо, г1енаха мукъане йола,
Хьо г1енах гур бохуш, буьйсанаш ас лар ма йора…

Просмотров: 56 | Добавил: kanta_ibr | Дата: 26 Мая 2020 | Комментарии (0)

close