Хьох дагайолий бен 1уьйре ца йолуш,
Хьох дагайолий бен суьйре ца йог1уш,
Хан хуьлуш хилла-кха дахарехь вайн, 
Полланан хелхарал хетташехь дайн,
Хьан денойн тулг1енаш ког маьрша уьдуш…

Хьан б1аьрг т1екхиале, лар яйъа сихлуш,
Хьан дог т1екхиале, не1саг1ехь марзлуш, 
Хан йог1уш хилла-кха дахарехь вайн
Хуьлуш хьайн доьзалан, дуьненан лай, 
Сатийсам хьегаран аренах тарлуш… 
Хьан дег1ал язъелла 1уьйренаш йог1уш, 
Хьан дагал б1арзъелла суьйренаш йог1уш, 
Хан х1уттуш хилла-кха дахарехь вайн,
Хьан доьзал хуьлуш хьан кхолламан дай,
Сатийсам хьан даг т1е полланах хуьйшуш… 
Б1аьрга т1е узучу мархано къарвеш, 
Дагна д1атухучу дог1ано б1арзвеш, 
Хир ю-кха адамийн дахарехь хан,
Д1аегош кхолламо йижийна чан,
Хьайн синан ц1ехьа ахь беха некъ болош…
 

Просмотров: 58 | Добавил: kanta_ibr | Дата: 28 Мая 2020 | Комментарии (0)

close