Нохчийн Республикин Яздархойн союзан ц1арах а, сайн ц1арах а ас, халахетарца кадам бо вевзаш волу поэт, публицист, драматург Уциев Абу бакъдуьнена верзарца, цуьнан гергарчаьрга а, халахетаран дакъа мел кхочучаьрга а. Уциев Абу д1авалар боккха иэшам бу вайна. Литературехь а, вайн культурехь а йоккха лар йитина стаг вара Абу. Даима а къоначу яздархошна г1о деш, баккхийчеран лерам беш, шен къомана пайдехь стаг вара иза.


Оцу Везачу Дала къинхетам бойла цунах. Дала декъалйойла цуьнан вирзина х1усам. Дала Шен къинхетамца Ялсаманехь веза хьаша войла цунах. Дала гечдойла цунна!

Ларамца,

НР-н Яздархойн союзан председатель

Ибрагимов Канта

Просмотров: 17 | Добавил: kanta_ibr | Дата: 12 Июня 2020 | Комментарии (0)

Ирча кхаъ беана. Яздархойн декъашхо, поэт Уциев Абу д1аваьлла аьлла.
Хьалха цуьнца болх бина вара Шелан газетехь,цуьнан кхолларалла йоьшуш, цуьнца дагавуьйлуш а вара со. Жимий,воккхий ца бохуш 1ожалло д1акхойкху.
Дала геч дойла цунна!

Дала иманца собар лойла цуьнан дакъа мел долчунна а!

 

Яздархой союзан коьрта редактор 

Ирисханов Имран 

Просмотров: 17 | Добавил: kanta_ibr | Дата: 12 Июня 2020 | Комментарии (0)

close