Цхьана сарахь хьаша цхьа юьрта чувулу машенахь.

Юрт – ломан юрт хуьлу, даккъашкахь, Iин чохь Iуьллуш, шеран коьртехь, наггахь бен, воьду-вогIу стаг а ца кхочуш.

ЦIенош дIасакхиссина ду, малх, бутт санна, ген-генахь.

Машен Iаьржа, еха ю, инзаре-хаза, кура машен, юьртахошна цкъа а гина а йоцу, хуьлу олуш, хезна а йоцу, кура, еха, еза машен.

Куьзганаш а ду, Iа ... Читать дальше »

Просмотров: 27 | Добавил: kanta_ibr | Дата: 02 Июля 2020 | Комментарии (0)

Олдам

И дара буса ОлдагIеран гIеххьа сирлачу цIа чохь гIеххьа йогуш лампа а йолуш. Олдама, шен хьешаца нар тIехь жижиг-галнаш диина а ваьлла, шен гIайгIа хьеше ялхийча, цу хьешо, шен хебаршка ихина ши куьг шен йоцийчу маьхьсеш тIе а хьаькхна, элира:

— Олдам! Ас цхьа хабар дийца хьуна?

— Дийцахьа, Исраил, Олдама а аьлла, хьешо Олдамна хабар дийцира:

— Мацах цхьа воккха стаг хилла боху хьаннашна ха а деш, хьуьна юккъехь шен гIеххьа цхьа цIа а долуш вехаш. Волу и воккха стаг цхьана сарахь, гIеххьа гуш са а долуш, хьуьна юккъе вала ша аьлла дIаволавелча, шен хIусмана дукха гена валале цунна хезнера сов Iаламат хазан, исбаьхьан озанца цхьа олхазар дека.

Цу олхазаран хазачу мукъмах, иза хазачу эшаршца декарна, чIогIа сакъерад ... Читать дальше »

Просмотров: 26 | Добавил: kanta_ibr | Дата: 02 Июля 2020 | Комментарии (0)

…ТIаьхь-тIаьхьарчу дийнахь Iа чIагIделла догIура. Цу деношлахь а къаьсттина цхьа де деара, шийла хиларал совнаха, луьра мох а хьоькхуш. Ша тIехь гуш бераш а дацара, иштта цу жимчу юьртарчу урамашкахь гуш хIумма а дацара, хIара юрт эккхийта санна Iуьйранна хIоьттина шело массо а маьIIехь луьрачу махо цIийзош хазар бен.

Дийнах дикка хан а дIаелира, ЗайнагIеран бIаьрг боцуш долчу корах йоьллина хIума ца юьтуш, мох жимчу цIа чу гIертан а болабелира.

Кхечу жимчу пешара цIе цкъа йовш, тIаккха цIеххьана серлайолуш гора, Iимрана, ша хьуьжаре вахале, лул ... Читать дальше »

Просмотров: 21 | Добавил: kanta_ibr | Дата: 02 Июля 2020 | Комментарии (0)

close