18:21
Абдулаев Леча

Ас жайна яздина…


Ас жайна яздина,

схьагарехь, бовш болчу маттахь.

Цхьайолу шеконаш, цхьадика! –

хье а лой йогIу.

Ас жайна яздина,

схьагарехь, леш болчу маттахь,

и гуттар хирг хиларх

шеквала дага ца догIуш.

 

Ас жайна яздина.

Цхьа пайда боцуш довр дац и:

Чуьрк къахко дика ду,

вохвеллехь, хир ду мох тоха.

Луъург де цу жайнах.

ца йичахьана цхьа харцо:

Мел оьгIазваханчо

сан жайна, «герз» дай, ма тоха.

 

Ас дина йозанаш, –

шаьш дарна бовш болчу маттахь! –

КъинтIерадовла там бу суна,

цхьа хьесап дина:

Ас жайна яздарца, –

яздинехь а леш болчу маттахь! –

Сайн ненан маттана, дош дижа,

Маьлхан каш дитна.

Абдулаев Леча

Леча Шарипович Абдулаев (1953, Чиллан-беттан 15 - гIа де ) — нохчийн яздархо, поэт, публицист, гочдархо, Нохчийн Республикан а, Оьрсийчоьнан а яздархойн Кхеташонан декъашхо, Нохчийн Республикан а, ОЬрсийчоьнан журналистийн Бертан декъашхо, Нохчийн Республикан Халкъан поэт.

Просмотров: 22 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close