16:53
Абу Уциев

 

Нохчийн Республикин Яздархойн союзан ц1арах а, сайн ц1арах а ас, халахетарца кадам бо вевзаш волу поэт, публицист, драматург Уциев Абу бакъдуьнена верзарца, цуьнан гергарчаьрга а, халахетаран дакъа мел кхочучаьрга а. Уциев Абу д1авалар боккха иэшам бу вайна. Литературехь а, вайн культурехь а йоккха лар йитина стаг вара Абу. Даима а къоначу яздархошна г1о деш, баккхийчеран лерам беш, шен къомана пайдехь стаг вара иза.


Оцу Везачу Дала къинхетам бойла цунах. Дала декъалйойла цуьнан вирзина х1усам. Дала Шен къинхетамца Ялсаманехь веза хьаша войла цунах. Дала гечдойла цунна!

Ларамца,

НР-н Яздархойн союзан председатель

Ибрагимов Канта

Просмотров: 17 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close