19:25
Адам Хизриев

Лазам

Шекъанан т1адам бу мас буьххьехь кхозуш,
Сан сих ша тарбелла цу лаьтте кхийдаш.
Шогачу п1елгашца къуьйлу и егош,
Дог йовха 1уьллучу кехатах хьегош.

Йозане йилла сан ойлане хьоьжуш,
Т1улг хилла т1адамах, бац иза лепаш.
Сан са а х1инца дац диканиг хьоьхуш,
Шеконах хьаьрчина, т1улг хилла хебаш.

Айкхечу кехатах жимма бехк лоьцуш,
Яздалац адамийн лазамаш буьйцуш. 
Вуониг цхьаъ хьулварах, беха уьш дебаш,
Г1иллакхийн некъашкахь зуламца тебаш.

Дашах даш кечдина дагах чекхдохуш,
Шира чов д1аерза ца юьту огуш.
Уьйрашлахь цхьабериш шайн пайда лоьхуш,
Дитт т1ера стом санна, даг т1ера оьгу.

Кет1ара шен доза арахьа уьйзуш,
Ша хьулван кхоьллина лаьттан цуьрг къуьйсуш.
Дуй къера, дош дера къамел чохь соьцуш,
Дуьненах ца 1аьбнарг го девне вуьйлуш.

Лулахойн юьхь-сибат дицдала доьлла,
Уьйт1а хьо вахча уьш юьхь хебош лаьтта.
Цу кертахь х1оьттина адамийн къоьлла,
Шераш д1акерчарах нислур яц атта.

Дахаро хьаьстинчо илланча лоьху,
Шен зама чабол д1аяхарна кхоьруш.
Г1айг1ано лаьцначо къинхетам боьху,
Хеталуш хан йоьду ирхенехь текхаш.

Д1абахначу дайша юьйцина керташ,
Херцаеш доьттина и т1улгийн пенаш.
Лар йоцуш бовр бу-те дайх бисна кхерчаш?
Т1улгах д1атарделла дуьсур-те дегнаш?

Просмотров: 37 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close