14:09
Ахматукаев Адам. Дахаран илли

Со нанас доIанна

айбинчу куьйгаш тIехь кхиъна,

Къонахийн кхача ас

дуьххьара сайн деца биъна.

Аганан мукъамехь

сан цIарах мел бина кхийлам

Со новкъа волучохь

сагIина сол хьалха бийлла.

 

«Декъала некъаш ду -

ворхIе а дех дисна некъаш,

Осала некъаш ду –

ден весет дохийна некъаш». –

Ишта ду нанас со

дахарна денвина илли,

Ишта ду суна дас

весетна дитина илли.

 

Цу иллин мукъамо

сан даг тIехь декъала муо бо,

Цу иллин мукъамехь

дахарца ас дина тоба.

Иза ша доIанна

айбинчу куьйгашка кхачахь,

Сан нанас хьаналбер

ас биъна къонахийн кхача.

Просмотров: 15 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close