17:56
Амаева Маша, "Ирсе хуьлда, Нохчийчоь"

2010-чу шарахь Нохчийн Яздархойн союзо зорбане яьккхира нохчийн евзаш йолчу эшаршлакхархочун, поэтан, Россин Яздархойн союзан декъашхо йолчу Амаева Машин "Ирсе хуьлда, Нохчийчоь" ц1е йолу байтин гулар.

ДЕКАЛАХЬ, ИЛЛИ, ДАЙМЕХКАН ХIУСАМЕХЬ...

 

Ирисханов Iимран, СССР-н журналистийн Союзан декъашхо

I957-чу шарахь юхаметтахIуттуш хиллачу Нохч-ГIалгIайн республикехь, ха харцар санна, хаалуш дара кхоллараллехьа йолу хIора гIулч. Бахархоша леррина ладоьгIура радиохула ширачу нохчийн, гIалгIайн иллиалархоша - Сулейманов Баудис, Айдамирова Марема, Хамхоев Ахьмада, Шамилева Жансарис - олучу иллешка, эшаршка, пондарчас Димаев Iумара локхучу пондаре.

I959-чу шарахь цIаьххьана керлачу мукъамехь радиоху­ла дийкира хьалха хезна доцу зарзаран аз. Йишлакхархо яра Нажин-Юьртан кIоштара Зандакъара дешархо Амаева Маша. Ша мукъам а боккхуш, цо поэтан Хаджиев Ризванан дешнашна «Йолало, нохчийн йоI» цIе йолу йиш лекхира.

Эшаршка безам болчу ладогIархошна лаьара и йоI йовза. И хиллера Зандакъарчу юккъерчу школан ворхIалгIачу классан дешархо Амаева Маша. ХIетахь дуьйна болабелира йоьIан кхоллараллин некъ.

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархочун, Нажин-Юьртан кIоштахь а, республикехь а лоруш, сий деш волчу Амаев Ималун доьзалехь йина а, кхуьуш а яра Маша.

Иллешка, эшаршка, поэзе безам болу йоI кхиамца школехь доьшуш а, исбаьхьаллин самодеятельностехь дакъалоцуш а яра. Пондар лакха а, тIаьхьара эшарш ала а хууш яра Маша.

ПохIма долу йоI, бархI класс чекхъяьккхинчул тIаьхьа, Соьлжа-ГIаларчу культпросветан училище клубни, цхьана эшарш лакхаран отделени деша яхара.

Цу серлонан кхерчахь Амаева Машас кхиамца дийшира. Кхоллараллин болх барца, ша мукъамаш бохуш, дешнаш яздеш, эшарш ехира: «Даймохк», «Нана», «Космонавтийн илли», «Суна хьо вицлур вац», «Шовда», кхин ерш а.

I963-чу шарахь къоначу эшаршлакхархочун боккха кхол­лараллин а, похIмаллин а кхиам хилира. Амаева Маша - иллиалархо - махкахь евзира «Зандакъойн зезаг» цIе йолу эшар цо лакхарца.

Ламанийн хотешкахь хезаш йолу яйн гlapa санна, шовданийн шабарех тера, хотешкахь дIаделладеллачу зезаган патаран хьесапехь, кIедачу, самукъанечу зарзаран озехь декара къоначу эшаршлакхархочун аз. ПохIма долчу говзанчас кIорггера гучудохура вайн дахаран аматаш: машар, барт, къинхьегам, Iаламан исбаьхьалла.

 

ХIай, вежарий, гIовттийтпа шу хьала!

ХIай, йижарий, гIовттийша шу хьала!

Йохьаллехь къуьйсуш, Даймехкан сий деш,

Сов бертахь дехар вай!

 

Цу шерашкахь Москвахь дIадаьхьначу Нохч-ГIалгIайн республикан культуран деношкахь дакъалаца аьтто хилира Амаева Машин. Республикерчу культуран векалшца - бевзаш болчу яздархошца, поэташца, суртдиллархошца, иллиалархошца, хелхарчашца цхьаьна - Амаева Машас дакъалецира Москва-гIаларчу Лихачевн цIарахчу машенаш ечу заводан, гIишлошъяран комбинатан белхалошца, ВДНХ баьхкинчу хьешашца хиллачу цхьаьнакхетаршкахь.

Москварчу бахархошна, коьртачу шахьаран хьешашна хIиттийначу концерташкахь Амаевас гайтира лаккхара сце­нически культура. ЧIогIа резахиларца тIараш детташ, даггара тIеийцира хьовсархоша къона эшаршлакхархо, мукъаме аз долу нохчийн йоI Амаева Маша. Пачхьалкхан барамехь хиллачу даздаршкахь жигара дакъалацарна Москвахь цунна елира культура кхиорехула йолу мидал. СССР-н Халкъийн кхоллараллийн фестивалийн шозза – I965-чуй, I967-чуй шерашкахь - лауреат а хуьлу Маша.

Нохч-ГIалгIайн республикан культуран дахарехь доккха дакъалацарна, Амаеван кхоллараллин новкъахь хилла болу кхиамаш билгалбохуш, I965-чу шарахь къоначу эшаршлакхархочунна Нохч-ГIалгIайн Хьакъйолу артистан цIе тиллира. ТIаьхьо шен поэзехь автора билгалдоккху:

 

Хаалахь, доттагIа, ма-дарра дIабоху,

Хьарамло, сутарло йолчарех идда,

Пайдане дог дохуш, шуьне а ца воьху,

Дог боьха, батт елош хиллане а ца хилла.

 

Цул тIаьхьа гоьяьллачу артисткас республикан а, цул дехьа хуьлуш йолчу концерташкахь дакъалоцуш, хьовсархой реза беш дIабаьхьира ша тIелаьцна кхоллараллин некъ. Артисткас доккха дакъалецира шен эшарийн репертуар телехьовсархошна а, радиоладогIархошна а йовзуьйтуш. Телевиденин, радион программашкахь дакъалоцуш, керл-керла эшарш локхуш, 

Даймохк, нана, нохчийн кхерч, безам, къинхьегам хастош йолу агIонаш яра цуьнан зевне эшаршкахь екаш. Амаевас шен дахарехь тIечIагIдо:

 

Шераш идарх, юьхь-бос талхош,

Аьхна атто лехна яц.

Хьарам гойтуш, латта кхардош,

ЮьхьIаржо тIеэцна яц.

 

Ас, яхьъюьйлуш сайн шерашца,

Иллийн могIнаш хIиттийна,

Даймохк хазбеш, адмийн цIарца

БIаьстенан куц хийцина!

 

ПохIма долчу шайн цIерш йолуш, халкъо лоруш болчу артисташа гlo деш, шайн могIаре тIеийцира Маша.

- Ас хIинца а боккхачу безамца дагалоьцу сайн хьехархой, нохчийн халкъан бакъболу сийлахь артисташ - Димаев Iумар, Айдамирова Марьям, Дагаев Валид, кхин берш а. Царна со даима декхараллехь ю, кIеда-мерза хьехар деш, со Iамаярна, суна хууш йоцу кхоллараллин къайленаш йовзийтарна. Со чIогIа сапаргIат хуьлура, цаьрца цхьаьна концерташкахь айса дакъалоцуш. Царех билггала болу накьостий а, хьехамчаш а хилира суна.

Дахарехь шен ирс карийна Машина. I965-чу шарахь, Зандакъарчу юккъерчу школехь хьехархочун болх беш йолчу хенахь, Машин кхоллам хилира Гилнарчу юккъерчу школан директор волчу Задаев Шахьраддица. I965—I982-чу шераш­кахь Зандакъарчу юккъерчу школехь, Шахьраддис - дирек­торан, Машас - хьехархочун, болх бира цара. I982-чу шарахь Шахьрадди Нажин-Юьртан РайОНО-н заведующи вахийтича, Машас Ножай-Юртахь хьехархочун, методистан болх бира, заочно доьшуш, ЧГУ-н биологин факультет чекхъ а яьккхира. ТIаьххьарчу шерашкахь Соьлжа-ГIаларчу № 53 йолчу школехь болх бина Машас.

Бертахьчу доьзалехь ворхI бер кхиъна. КIант - Задаев Роман - медицински Iилманийн кандидат ву. Массо а доьзалхо лаккхара дешар дешна, шайн-шайн дахаран гIуллакхаш тIелаьцна, къахьоьгуш бу. Амаева Машин берийн бераш ду. Уьш дахаран дикачу новкъахь къахьега а, адамашна пайде хила кхеташ-кхиош схьайогIу зеделларг долуш йолу берийн хьехамча-нана.

Халкъана евзаш а, езаш а поэтесса ю Маша. I992-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн зорбанехь араелира цуьнан «Дахаран некъ» цIе йолу хьалхара байтийн гулар. «Безаман зезаг» цIе йолу шолгIа книга араяьккхира I996-чу шарахь.

200I -чу шарахь Амаева Маша России яздархойн Союзе тIеийцира.

- Поэзии шогачу новкъахь сан хьехархой хилла, суна гlo динарш дукха бу. Доккха баркалла аларца билгалбоху ас сайн хьехархой: нохчийн Халкъан яздархо Айдамиров Абузар, поэташ Кусаев Iадиз, Рашидов ШахIид, Шайхиев Iалвади, кхин берш а, - бохуш, дагалоьцу Амаевас.

I990-чу шерашкахь адамийн маьрша дахар чолхе дели­ра. Советски Союз цIе йолу пачхьалкх юьйжира. Доладелира суверенитетийн гайтарш. Республикаш шаьш евлира. Бодане зама кхечира нохчийн махка а. ТIемаша, дохийна, хIаллакдира нохчийн къам, этира гIаланаш, ярташ. Махках даьлла, дуьне мел ду дIасадаьржира вайн халкъ.

Цу халачу хенахь, шайн юьртах-махках бевлла, ДегIастанарчу Хасавюьрта тIамах бевдда бахара АмаевгIеран доьзалш.

Ширачу хенахь аьлла ду, «яккхийн тоьпаш юьйлуш, мукъамаш дIатоь». Цу халчу хенахь Машас долчу хьолах яздо:

 

ГIоргIахь чуйилхина хIусамаш лаьтта,

КIоранах даьгна го диттийн гIаларташ.

Сан хьоме Даймохк, хьо кхоъмаза аьтта,

Хьо гича, дог Iийжа, хуьлу-кх лазарш.

 

Дуккха а ханна дита дийзира Машин пондар, эшарш лакхар. Даймахкахь тIеман цIе кхерстачу хенахь сингаттамо лолле лецира цуьнан дог.

Делахь а, боданечу хенахь Амаева Машега ца диталора байташ язъяр. Цу халачу хенахь, воно шен томмагIа дуьтуш, Неман а, машаран а ойланаш совйийларна, сингаттаме байташ язйора поэтессас.

Лараме ешархой! Шун карахь ю эшаршлакхархочо, поэтессас Амаева Машас язйина керла байтийн гулар. Автора шун кхеле дуьллу цуьнан мах хадор.

 

 

 

ЗАБАРЕ БАЙТАШ

 

Коре бой оллар а - хьоь хетта дезча,

Стол дехьа xloттop - хьоь ала дезча,

Кхачанан чемаш баха хьо воьлча,

Ма хала хир ду, эхь ду и… хезча.

 

Котам ер-эцар а могуьйтуш дацахь,

Кхоьш-гIабакх кхехкор а могуьйтуш дацахь,

Текхан-цацин а нана ца хилча,

Муха Iен еза, хьан зуда хилла?

 

Хьан вусавалар, тIеман эпсар санна,

Хьан карзахе вийлар, бахьанаш эшна,

Зударийн гIуллакх Iамочул хьайна,

НеIарна тIам биллахь, хIусамдас санна.

 

Хьо вогIу вайча, ча йогIу моьтту,

Вистхуьлуш хезча, бIарлагIаш хIуьтту.

ВаллахIи, яра, хьомениг, хьуна

Чухула хьийза цхьа «робот» дика.

 

ДЕН ДОШ

 

 

(ТIеман ветеран сан ден ойланаш)

Дерриг ца хилла дахарехь довха.

Ца кхиъна жималлехь чам боккхуш ловза.

МостагIчо долийча шен ирча тохар,

Толаме кхойкхуш соь, даьржира аз.

 

Дицлур дац сан дагна ненан соь елхар,

МостагIа ца везна вайн лаьттан делхар:

«Сан кIант, хьо гIатталахь, Даймохк бу кхойкхуш,

Осала хьо хилахь, гечдийр дац», - бохуш.

 

Дицлур дац, цIийлахь сайн неканца гIиттар,

Деттачу терзана накха тIелоьцуш.

Белшаш тIе халонийн беза мохь боьжча,

Воьхна вац. Диц ца дин ас делла дош а.

 

Молханан хьожано чахчийна чкъураш,

МостагIий эгабеш, кегдийний дегI-м.

ХIинца а… ХIинца а ма лара воцуш –

Сайн халкъан дагца со даима веха.

 

 

ДОТТАГIЧУЬНГА ДИНА ВЕСЕТ

 

ДоттагIа, дийцалахь цIий Iаьнна шераш,

МостагIа вагавеш, вай лелла некъаш.

Тахана дегIана язъелла чевнаш,

Хетало, доттагIа, весет дан дезаш.

 

Хьо шен кIант лерина, сан нанас лохур ву,

ДоттагIа, ахь тIаккха цуьнан дог эца.

Оьздачу гIиллакхца довха дош ала,

Мацца а доьзалан дог-ойла эшахь.

 

Хало тIехIоьттича, хьоьх дагабевр бу,

Ден доттагI хьо хилар дозалла хир ду.

Доьзало хьовзийна сан накъост тIеягIахь,

Дуьненахь вац, алий, таттий ма йиталахь.

 

ДоттагIа, хаалахь, гIайгIано ваьхьча,

Хьайцанна со лоруш къамеле ваьлча,

Набарна тевжинчохь, гIенаха веъна,

Ойбур бу, доттагIа, хьоьгара бала.

 

Шераш мел дIаэхарх, со хир ву хьоьца.

Дуьненахь чалх яцарх, са хир ду хьоьца,

ТIаьхьар ца йолучу Iожалло хьулварх,

Даймехкан кIентан сий дехар ду, хьуна.

 

Сих-сиха хIотталахь, салам луш, борзе,

Чурта тIе язделахь, «Нохчийн кIант», алий,

Даймехкан сий лардеш, велла кIант, алий,

Дийцалахь кIенташка, Кавказан аьрзу!

 

СУНА ХЬО ВИЦЛУР ВАЦ

 

Мелчу махо дашош ло,

СхьатIейогIуш бIаьсте ю.

Къорза кузо хазбеш го,

Вайн аренаш сенлуш ю.

Сан даго, сан даго лехна, хьомениг,

Хьо гape, хьо гape даима сатуьйсу.

 

Хийлазза вай цхьаьна

Шовданехь ва лаьтташ,

Со новкъахь сецаеш,

Дуьхьал ког тийсинарг!

Сан бIаьргаш, сан бIаьргаш, хьо лоьхуш, доьлху,

Сан ойла, сан ойла даима хьоьца ю.

 

Мел генахь хьо хиларх,

Хьо суна вицлур вац.

Хан-зама дIаэхарх,

Хьоь безам ширлур бац...

Ииц ма е, виц ма ло, варе хьежна со,

Вайн безам биц ма бе, генахь хиларх хьо.

 

 

...

 

  

Просмотров: 72 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close