23:42
Арсалиева Люба

Т1улгех дина дегнаш лелххал,
Дегнаш доцу лаьмнаш делххал,
Хилларг хаа кхетам боххал,
Бохам беъча дуьне доххал,
Хьуна т1аьхьахьажа виснарг,
Хьуна т1аьхьа дага диснарг,
Кхузткъе ялхийта шо даьлча,
Сайн дех йисна керта яьлча, 
Лерса къовларх, хье чу дуьттуш,
Б1аьргаш къовларх, дуьхьалхуьттуш, 
Цу 1аьржачу 1аьнан дийнахь,
Жаг1ар бууш корехь 1ийна
Итт шо долу да сан 1адор,
Цуьнан нанна беъна б1агор,
Махках дог1уш ду шу аьлча, 
Оьрсийн салти чоьхьаваьлча,
Делан Калам чета дуьллуш,
Кхерч ца байта, дечиг туьллуш,
Хуьлуш долчух дог ца тешош,
Мела б1аьрхиш юьхь т1е лешош,
Шен ц1ахь воцчу х1усамдена
До1а динчу сайн дененан
Аз сан лере х1унда дог1у,
Суна х1унда дагадог1у,
Цигахь суо цкъа хилча санна,
Цигахь сайн дог делча санна,
Тахна х1окху уьйт1а юьйлуш,
Мел хиллачух бехказъюьйлуш,
Иэс сан х1унда лаьтта хьоьжу,
Лаьттахь х1унда лараш лоьху,
Кхузахь мацах баьхначеран,
Кхузахь ирсе хиллачеран,
Сан тайпанан, ц1ийнан нехан
Тхан урамехь тийна дехарш.
Дейтта шо бен кхаьчна йоцу,
Сайн дейиша дагалоцу,
Мацаллина амал лоьхуш,
Дуьра ч1епалг нене доьхуш,
Казахстанан к1айчу лайлахь,
Цуьнан дакъа доккхуш къайла,
Дорцехь сихха еса дерзош,
Сайн дененан юхаерзар.
Иэс сан х1унда дисна дийна,
Сел къаьхьачу х1окху дийнан
Мел лозуш дерг хьулдеш хилча,
Мел хилла дерг дицдеш хилча,
Кху сайн уьйт1ахь ков д1адоьллуш,
Мел хьулйина чов схьайоьллуш,
Ас к1айн саг1а тахна доккхуш,
Нохчийчоь къинт1ерайоккху.

Просмотров: 13 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close