17:33
Арсанукаев Шайхи

Б1аьстенан сирлачу 1уьйранна нана

Шен жимчу бераца беша ели.

— Биши д1ахеца сан, когбаккха 1ама, —

Бай т1е и х1оттийна, хьостуш, эли.

 

Цецдаьлла, доккхадеш, хьоьжу бер хьалха,

Когаш бац, дависарш, латта туьгуш!

Хьалахьаьжчи б1аьргкхийти сирлачу малхах —

Сов хаза диди ду цунна схьагуш!

 

ЦIеххьана, ший а куьг малхе кховдийна,

Яьккхи шен дуьххьара г1улч цунна т1е!

Некъ дика хуьлда хьан, марша лелийла,

Даиман хуьлда хьан некъ малха т1е!

Просмотров: 20 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close