18:38
Болтукаева Лиза

Йиш хилча стигланийн 1аршашка йийла,
Кхоьлинчу мархашлахь маьлхан нур хилла,
Ойланийн тийналлехь мукъамаш леца,
Хьан деган къайлене сайн безам хеца.

Хьан буьйса хазйина седанах лепа,
Даточу беттан нур хьан корехь сецо,
Хьан г1енаш лачкъийна, синтемах ваккха,
Маржа я1, йоцу йиш ирсан кхаж баккха!

Зезагийн мутт муьйлу к1айн полла хилла,
Х1аваэхь ийъалуш хелхаре йийла.
Ерзаян йиш хилча сайн шерийн хьер а,
Хир яра хьоь болчу безамна къера!

К1айчу шипона к1ел лечкъадеш б1аьргаш,
Шовданан куьзганахь лоьхуш хьан суьрташ,
Со г1алат хиллера жималлех тешна,
Хиллера ас ирсан орамаш хьешна...

Просмотров: 41 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close