16:51
Дала къобалдойла вайн марханаш!

Нохчийн Республикин Яздархойн союзан декъашхойн ц1арах а, сайн ц1арах а даггара декъалво Нохчийн Республикан куьйгалхо, Россин Турпалхо Ахьмад-Хьаьжин к1ант Рамзан.


Дала къобалдойла вайн марханаш! Лайна хало меле лорийла. Юха шарахь кхаба а, даста а могашалла лойла! Дала х1окху баттах беркат а даьлла, вайн къиношна гечдеш, вайна т1ера ун-бала д1аойбуш, х1окху лаьтта т1ехь бусалба дин толош, т1аьхье беркате йойла вайн. Эца ма-деззара х1окху сийлахьчу баттах дика схьаэцнарш дойла вай Къинхетамечу Дала. Мискачу нехан дог хьоьстуш, боберийн сий деш, хьайн махкана хьайн са а ца кхоош, бусалба дин айдеш волчу хьан Къинхетамечу Дала дуьне а, эхарт а декъалдойла. Хьан диканашца дог1у диканаш хьуна дан тхан ницкъ кхочур а бац. Оцу Сийлахьчу Дала хьесап а доцуш, барам а боцуш диканаш лойла хьуна массо а заманашкахь а. Дала 1алашвойла хьо, тхан Мехкан дика Да!


Ларамца
НР Яздархойн союзан Куьйгалхо
Ибрагимов Канта

Просмотров: 32 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close