22:35
Даудов Гилани

Б1аьсте

Зезагийн з1ийдигаш баттара евли,
Б1аьстенан 1аламо мохк маракъевли.
Бусалба бос баржош куз тесна шен,
Хьежамаш хийци сан Нохчийчоьне!

Ч1ег1ардиг 1аламца къамеле даьлла.
Мукъам беш хьийзаш го самукъадаьлла.
Б1аьстено шен не1арш йиллина д1а,
Кхойкхуш массаьрга шен шуьне схьа.

Малх х1инца къегина, йо1 санна хаза,
Хецна цо дуьненчу аьхналлин заза.
Х1аваъ ду томехь сан кийра 1абош,
Х1оразза санна, со шех хьега 1амош. 


Къонделла 1алам а, со шеца къонвеш,
Дуьненчу яьржина б1аьсте ю язъеш.
Цхьа хаза тахана 1ай, б1аьсте къаьсти, 
Хьо марша йог1ийла, баьццара б1аьсте!
 

Просмотров: 31 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close