23:13
Даудов Гилани

Дайн хаза г1иллакхаш дицдина зама,
Т1екхаьчна яьлла ю вай дохуш ч1ана.
Г1иллакхаш багахь ду, лелош дац дин,
Даггара лоьхург цхьаъ - лаккхара "чин"

Бакъ-харцо къасточохь бакъо ца тоьлу,
Харц толош д1адоьрзу, и харцо йоьлу.
Ц1архазмана лелош дерг ма дарра го,
Хьакъвоцчуьнан боцу мах, сов хадабо.

Воккхачун дош лоруш жимха ца лела,
Баккхийчийн лерам бу эшна цундела.
Т1аьхьарчу чкъурана масал дац хаза,
Т1аккха цу т1аьхьено харц доккху заза.

Х1усамехь зудчун дош тахна го тоьлла,
Хьекъаш го денна къонахийн къоьлла.
Доьзална рицкъа луш нана сов хьийза,
Ден дош цу кхерчахь не1арехь ц1ийза.

Х1орамма шен аг1о ларъеш ца хилча,
Т1едог1у ирчаниг дайн некъах тилча.
Вайн дай ма баххара ца даха г1ерташ,
Г1иллакхех яссалуш гуш ю вайн керташ.

Г1иллакхаш дичдича, Шен динах тилча, 
Цу Дала цамгарш ло Ша вицвеш хилча.
Вай 1еса довларна кхоьлли и "вирус",
Хоуьйтуш х1оранна шен дег1ан "минус".

Просмотров: 35 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close