01:25
Денильханов Сулейман

Азаллехь Делан лаамо со харжа а хаьржина, Делан Ӏилманехь со хила веза хан тӀекхаьчча, Делан ницкъо схьакхуллучу хенан массо а наношна юкъахь, суна Дала харжа а хаьржина, сан са дохьуш догӀу малийкаш хьайна тӀедиссийна, цахиларера со хиларе волучу дийнахь, сан сино хьайгахьа тем беш, сан дегӀан чалхаш хьан дегӀехь суьрте йоьрзуш, дуьненан кийрахь суна дуьххьарлера даймохк хилла, со дуьненчу ваьккхина нана, деригге а сайн дахар хьо елош даьккхича, сайн декхар кхочушдалур доцу, со хьайна декхар волу нана, къинтӀера ялалахь хьайн декхарх хьалхавалаза лахьтин кийра воьрзур волчу хьайн доьзалхочунна... 

Просмотров: 28 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close