14:07
Эдильгериев Хьасан, "Кхоларш"

Книга Эдильгериева Хасана "Кхоларш" (чеч. Облачность) была подготовлена и издана Союзом писателей ЧР в 2010 году.

 

ЭДИЛЬГЕРИЕВ ХЬАСАНАХ  дош

Нохчий яздархо, поэт Эдильгериев Хьасан суна вевзира ткъоллаг1чу б1ешерийн 1979 чу шарахь, цуьнан байташ ешначулла т1аьхьа. Хьасанан байташ цу хенахь кхин ч1ог1а зорбане йуьйлуш а яцара. Соьга кхаьчнарг  цуьнан куьйга йоза дара. Т1аьхьарчу хенахь шина книган зорба туьйхира цуьнан, " Ц1ехьа некъ", байтийн а дийцарийн а гулар, " Кхоларш" дийцарийн гулар а. Хьасан шен дахарехь атта некъ лехна а, хиржина а къуонах вацара. 90 шерашкахь цуьнан араяллачу "Архиван баьрзнаш" ц1е йолчу поэми т1ехь гойту цуо вайн къоман т1ехь лаьттина харцо а, хало а, ц1ера даьхча лайна баланаш а. Къаьсттина суна цуьнанан кхоллараллехь дика а, мехала хеташ дерг, ийза а ца луш бакъдерг  ма дарра яздар дара. Советан 1едал т1улг эккхийтал ч1ог1а долчу хенахь 60-шерашкахь цуо язйина цхьа байт шуна йовзийта лаьа суна: "АХЬ КАСЫНКА МА ЯККХАЛАХЬ Д1А" ц1е ю цуьнан

Со ураме ваьлча Соьлжа-г1алахь,
Тидам бина хьаьжча гуонах со,
Вай къаьмнашлахь хьо иэйелла аларх,
Хьан касынкех евза суна хьо.

"1адат ду и"'- бахийталахь хьайга,
Латтабо вай цуьнца луьра т1ом,
Ас ца боху иза тахна къайлах,
1адатех а цхьадерш хуьлу товш.

"1адат ду и" хазахь иза вайна,
Кийча ду вай цунна къовла ков.
"1адат ду и",- бахийталахь хьайга,
Ду и нохчийн къоман г1иллакх товш.

Дайн шираллийн заь1ап ду и, аьлла,
Гомха ойла хьайна яларх айкх,
Ахь ма гайта цуьнца девне яьлла,
И дац хьуна хьоьца долу айп.

Стенах хаьа, кхокха кхокха буйла?
Къийгах,-леча олуш вуй ткъа, цхьаь?
Со ца къаьхка сайн коьртарчу куйнах,
Ахь касынка ма яккхалахь д1а.
                        1968шо.

Хьасан, шен дахарехь гуттар а нийсонна т1е г1ерташ, бакъдерг дезаш ваьхна стаг ву. Цуо ца хестийна 1едлехь болу нах, ца хестийна коммунистически парти. Деригг шен дахар берашна хьоьхуш д1аделла цуо. Хьасан д1а кхелхина 2018 шарахь. Хьасанан куьйга йозанаш 1аламат дукха ду буха дисина зорбане довланза. Хьсанах а цуьнан кхолларех а дийца-м сан дуккха а дара. Уггар коьртаниг цуьнца йолу адмалла яра. Нахаца к1еда, мерза, тарвала хууш стаг вара Хьасан.
Дала декъал войла и! Цуьнан говзарш а ю цхьа ша тайпана кхечерачух къаьсташ шайн хот1аца а васташца а.....

ГАКАЕВ IАРБИ 
РФ-н Яздархойн союзан декъашхо, поэт.

 

 

БЕЛЛА ЕТТ ЦIА БАР
дийцар

 

Карабеанарг аьхкенан хьалхара бутт бара. Денош довха лаьт- тара. БIаьсте догIане а хилла, дIахIоьттинчохь кес а даккхалур долуш, яра буц. Зударий асаршкахь бохкура шайн лаьттан кор- жамаш тIехь. Гуьйранна хьалххе гIовттий а, балхара бевллачул тIаьхьа сарахь а мангале оьхура божарий.

Юрт йоккха яра, цундела адам а дукха дара кхузахь. Амма оццул долчу адамашна юккъехь цхьа а вацара Леча ца вевзаш. Юьртахь и билгалаваьккхинарг Леча нахана зуламе волуш а, я и хьагI, дозалла долуш ву аьлла а дацара - зуда товш вацара Леча, я и зудчунна ца товш хила а тарлора. Мухха делахь a, xlopa шарахь бохург санна, зуда ялайора Лечас. Шуна ма мотталаш, цо и зуд­чунна тIе ялайора: зуда я ша дIайоьдура, я кхо йохуьйтура. Мухха яхнарг а сихха жеро а йоккхура — ша къоьруш долу са цуьнга а къерийта. Бухарниг юьтуш ца хилча-м, цуьнан уын бахьа меттиг а хир яцара: шиъ бен чоь а яцара, уын а кегий а яра. Цхьана чохь нана яра. Туй охьатосучул башха ца хета шена зуда йитар, олу Лечас. ХIун ду а хаац - цуьнга зуда атта ян а йогIура, дагахьбал- лам боцуш, дIа а йоьдура, карара бер охьа а дуьллий.

- Ахь хIун элира? Леча хаза вуй бохуш, хоьттурий ахь? Вац, вайна тIедаьндолчу лаьттора, хаза-м! ДегIана лоха ву. Оцу дегIаци ца товш, гIайба санна, тIеяьлла тIингар, чхьаьвриг санна, Iаьржа юьхь-сибат. Захалошкахь шарбелла, я Дала цунна делла похIма и делахь а, — маттана шера а, забаре а ву Леча. Пачхьалкхан бал ха дIа а воьду, цигара цIа а вогIу — кхин деш хIума долуш а вац, шеи сакъерар бен.

Гергара нах болчу ваханчохь, хьешан самукьадоккхуш чу баьхкинчу наха цхьацца забаре хIуманаш дийцича, Валила а хьахийра шен юьртахо Леча. Зуда ялорний, йитарний тIехула доладелла долу и дечу хеттарша дийцарехь дахдира. Валил ша а вацара баккхийчех. Буткъа мара а, олхазаран тIемаш самка.

дIасатохаделла цIоцкъамашна кIелахь къегаш боьмаша бIаьргаш а болуш волу и хабарна тIера а вара. Валида Ленин сурт-куц дий- цича, цхьаммо хаьттира:

  • Хьаькам вуй и? - аьлла.

Чуьрнаш бийлабелира.

  • Шу дела оыиуш дац, - совцийра уыи вукхо, - балха вахар бен, деш, дуьтуш ца хилча, дIаяхана тIингар а хилча, хьакаман сурт хIуьтту суна-м.

  • Вац Леча хьаькам, - жоп делира хьешо. - Хьалха цо хIун белхаш бина-м ца хаьа суна, хIинца туьканан хехо ву-кх и.

  • Кхаба дезаш бер-кер а доцуш, шена атта лелаш стаг ву-кх, - элира чуьрчех вукхо.

Валид велавелира.

  • Иштта дац и?

  • Бераш муха ца хуьлу, - элира Валида, - схьакхуьйлуш зу- дарий хилча? Кхо йоI-м ю. Цаьрца йоллуш и йоккха стаг - нана а ю-кх. Леча-м йоI я кIант хиларх, я цхьа а цахиларх а, бала болуш вац.

  • Бераш хилча, чохь шура а ма оыпу - етт а ца лелабо кхо?- хаьттира кхаьрга ладоьгIуш хиллачу кху чуьрчу цхьана зудчо.

  • Mala йолу хIума цуьнан кертахь суна гина-м дац, хIинца цуьнгахь йолу и ворхIалгIа зуда цо яллолц. Оцу аттаца хилларг а дара хаза, - куьг а тесна, ша дукха луьйш а хетта, ца дийца дагахь сецира Валид.

  • Дийцал ахь, вайна башха хан а ца яьлла, яьллехь а, хьо кху- а вижа веана вац, - бегаш бира цхьаммо, - луьйш-олуш, xlapa цхьа буьйса дIатухур ю вай.

  • Оцу ворхIалгIачу зудчуьнца ваха висинчух тера ду Леча, - шен дийцар дIадолийра Валида. - ХIинца цуьнан йижарий а бер- риш а марехь бу, ткъа ваша Ленин хилла а вац. Шу марша, дукха чан юккъе ца юлуш, нана а, деваша а кхелхи цуьнан. Доцца аьлча, чьалхалераниш лело хIинца аьтто бац Ленин.

Ловди (хIинца цуьнгахь йолу зуда) ялор а хьалха санна ца хилира цуьнан. Пхоьазза марехь хилла йолу шайн жеро Лечига схьакховдийра зудчун верасаша, вукхо дуьхьало а ца йира. Маре яхана пхи бутт кхочуш, Ловдин кIант хилира, йиъ кийла ца кхоч- чуш дегIан йозалла а йолуш... Иштта дика некъаш лелийначул тIаьхьа цхьаьнакхетта долу и шиъ дукха чIогIа цхьаьна догIуш дара. Шайна а царна и хуучух тера а дара. Цул совнаха, цхьадолу аматаш а цхьатера дара шиннан а: ший а лохачу дегIахь а, юьхьан бос Iаьржа а бара церан, важадерш ас дуьйцур а дац. Кхул хьал- ха ялийначу ялхе а зудчуьнга Леча хьалахьежа везаш хиллехь, хIинца и дIадаьллера. Вовшашна ала хIума а доцуш, хIинца а бер- тахь Iаш ду и шиъ.

  • Кху аьхка Лечас етт ийцира, - велавелира Валид. - Бала а белла, цIа а беара цуьнан и...

  • XIapa хIинца туьйра дийца воллу вайна, берашна, - дегало вистхилира цхьаъ.

  • ЛадогIа ахь, - цуьнга а аьлла, юха а шен дийцар дГадолийра Валида: — Шайн керта етт балийча, цунах йоккхаеш яцара Ловди. Пала заводе вино дечу цехе балха а лелаш, мареш а деш леллачу цунна ца хаара, аттана муьлхачу arlop тIеяха еза а цуьнгара шура схьайоккхучу хенахь. Дуьххьара бехкина белахь а, етт-м эсала хиллера. Лечин шичан зудчо хала йигира и аттанна тIе, шура схьа- яккхар муха хуьлуш ду гайта. Цкъа а, шозза а гайтинчул тIаьхьа Ловдин шен дийзира и болх бан. Дуьххьара кIела йоьдцушехь, мийра тоьхнера атто Ловдина. Цунах цецъяьллачу кхуьнан хье- хархочо элира:

  • Схьагайтал хьайн куьйгаш, - гIадъяххана елаелира и. - Оцу мIарашца озало етт? Хьо хьера-м ца яьлла?

Ловдин ша лерина лелош хиллачу мIарех яла дийзира.

Кхеран юьртан бажа Соьлжан тогIи чу лоллуш бара. Кхин долу латтанаш совхозо дуьйш-дерзош леладора. Ловдин меран шичан зуда Iайнаъъий, хIарий цхьаьна йолура ара бежнаш беже лахка, амма уын бежа юккъе тоха рогI-роггIана йоьдура. Дохнаца долу гГуллакх хаарна генаваьлла Леча а вацара: наха аллалц до- къарна ара ца велира и, Iай а етт беже лелар болуш санна. Кхо чкъург йолу мотоцикл шен эрна хоьхкуш лийлира и, нах мангал тоха меттиг лоьхуш лелачу хенахь. Амма, араваьлча а, цIа дохьуш докъар доцуш хан а елира. Цкъа а мангал буйна лаьцна воцучу цо биъ мангал кагбира, и кара ца боьрзуш.

* * *

Аьхкенан йовхо Iаьткъинчу хенахь - аьхкенан чиллахь - Соьлжан тогIи чу лоьхкуш долу бежанаш цомгаш хуьлура. Чехкачу цамгаро дала дожийначу бежанна, и къен ца далийта, Iуьно урс хьокхуш меттиг а нислора.

Дукха хан йоццуш дара и. Iуьйранна мангале ваханчуьра цIа веана, садоIуш хиллера Леча. Чутесна болчу палса тIехь такха гIерташ, цунах гIуллакх а ца хуьлуш, воллура Ловдис, аганара схьаэцна, бертала виллина волу кIант. Арахьчул чохь шийло хе- таш, гIанта тIе ванн а хIоттийна, беран хIуманаш юьттуш Ловди а йоллура. КетIахь кхайкхира кхаьрга. Шен куьйгаш а дакъийна, араяьлла Ловди, хье ца луш, чуеара. Юьхь тIехь дIадаза еларан сурт а долуш чуеанчу зудчуьнга, кхунна хIун хазделла теша бо- хург дагахь а долуш, Лечас хаьттира:

  • Мила вара кхойкхург? ХIун боху цо?

  • БежIуьно ваийтина кIант ву. Цхьа етт, цомгаш хилла охьа а боьжна, къен ца балийта, цунна урс хьаькхна, боху. Етт вайчух тера хета шена, хьовса дуьйла, боху бежIуьно.

Диван тIехь дIатаьIна хилла Леча хьалагIаьттира:

  • Хьуна-м кхаъ ма хилла цунах.

  • Цо лучу шуьрин дуьхьа, ца хилча а мегар долуш, етт бара и-м. Етт беллера аьлла, елха-м ца еза со? Къен ца белла. Жижиг д!адухкур ду, ца дохкалахь, ваыи дуур ду. Кхин вон ма догIийла вайга, - аьлла, цIенкъахь керчаш волу шен кIант караийцира Ловдис.

  • Хьо яха еза цига.

  • Со муха rlyp ю цига, кху юккъера а яьлла? Цу тIе, суна

бевзар а бац и.

  • Хьуна хIунда ца бевза айхьа узуш а, беже лоллуш а болу

етт?

  • Вайн бежехь бежанаш массо а цхьатера ду, цIен а, маIаш йолуш.

  • Делла дала и къамел а, - аьлла волу Леча ша а вацара, етт шена бевзар бу аьлла, тешна, амма, шен дагара ца хоуьйтуш: - КIант Iайнаъца а витина, мотоциклахь дахана, схьадогГур ду вай- шиъ.

Кхин xIotto бахьана а ца хилла, мотоцикл тIе хаа дийзира Ловдин a... XIapa шиъ сиха кхечира бажа бежачу тогIи чу. Етт тилийна ваьлла, чуьйраш схьаоьцуш воллура Iу. Ша деш дерг а ца сацош, кхаьрга хьаьжира иза.

  • Ассалам Iаликум, - мотор дIа а яйина, тIехIоьттира Леча цунна.

  • Ва Iаликум салом, - аьттан чарха тIера хьалатаьIира Iу. - ЧIагIдина ала-м ца воллу со, амма, xlapa шуниг бу аьлла, хеташ-м ву со. Хьовсал шу хIокху когашка а, коьрте а, неIаре а, - тилош аьттан чархана шина arlo дIасадаржийна хилла неI юха хьалате- сира цо.

Iуьллучу атте хьаьжначу Ловдис элира:

  • Тхайниг санна цIен-м бу xlapa, коьрта тIехь маIаш а ю.

Iу, цецваьлла, зудчуьнга хьаьжира. Хиллачу зено йохийна хир ю xlapa бохург дата а деана, вист ца хилира и.

  • Xlapa цIога-м вайн аьттаниг ду, - Лечас аларо чекхдаьккхи- ра болчарна етт бовзар.

  • Шуна тIера xlapa Дала carla бойла, хилла зен диканца мет- та а хIуттийла, - аьлла, кхаьрга вист а хилла, шен бежа тIе дIаваха воллуш волу Iу Лечас сацийра: - Жижиг соьца мотоцикл тIе дил- ла аьтто хир барий хьан?

  • Хир бу. Диг дуй хьоьгахь? Амма диг дацара. Шайгахь йолчу таронца жижиг дIасадекъна, мотоцикл тIе диллина, дIахьажийра Iуьно и шиъ...

  • Суьйре яра тIееана. Бажа цIа богIу хан яра. Шайна хилла зен лайна а даьлла, керта дан шайн хIинца бежан а дац аьлла, ара а ца долуш, телевизорна хьалхахь Iаш дара Лечий, Ловдий Лечин-м цу телевизорца башха шовкъ а яцара - Ловда Iapa цунна хьалхахь дукха хьолахь. Наггахь экранах бIаьрг а тухуш, кест-кеста корах ара уьйтIа а хьожуш Iаш волчу Лечина гира, маIаш тоьхна ков а диллина, шайн уьйтIа етт богIуш.

  • Кхо хIун леладо хIинца? - аравала хьалагIаьттира и.

  • Мила ву цигахь? - хаьттира зудчо.

  • УьйтIа етт беана, - цуьнга а олуш, уьйтIа велира Леча.

  • Са дала кхуьнан! - сардам боьллира Ловдис, экрана тIера бIаьрг а ца боккхуш. Етт ураме а лаьллина, гIуй дIа а буллуш, ков дIакъевлира цо, бежанаш шайн-шайн цIа дирзина довллалц аьлла: - Суна уьйтIа а ца хIуьттуш, хьайн цIа гIохьа, - шен дагахь атте а бохуш.

Малх чубуьзнера. Бежнаш а дIасадевлира, цхьа етт боцург. Iexa а Iоьхуш, урамехь лаьтташ бара и.

  • Ва, Ловди! - ков туьйхира Iайнаа. - Xlapa етт чу хIунда ца боуьйту аш?

  • Тхайниг чубеана баьлла, - аравелира Леча, - кхано жиижиг- галнаш даа схьадола ший а.

  • И бохург хIун ду?

  • Вайниг белла тахана...

  • ХIума дата ма догIу хьуна, КIант. Xlapa ма бу шун етт...

Xlapa шиъ дIаса а кхуссуш, диллинчу кех чоьхьаиккхира ура­мехь Iоьхуш лаьтташ болу етт...

Кхехкийначух мах дIа а белла, лулахошка дIадахьа дийзира жижиг...

                                                                                                                                          2005 шо

 

 

 

Просмотров: 47 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close