10:13
Гацаев СаьIид

Бутт дIатийна, гIийла техкаш,
Хьаннийн сенчу аганахь.
Ма хазло-кха, Iуьйре хьекъаш,
Дуьне – Iалам Веданахь!

ДIогахь ховха зIаьнарш лиэта
Стиглийн цIечу пхьуьйшара –
Белабелла, малх схьакхета
Гуьмсан дукъан кIажара.

Кхолу тхишца аьрцнаш тIера,
Сийна зов ду Iаннашкахь.
Яьржа эшарш нуьре, шера
Кора хьалха бошмашкахь.

Кхевда лаьмнаш, кертахь дитташ
Сирла, цIенчу ойлане.
Хета дерриг тIараш детташ,
Кхаьчна хазчу дикане.

Бутт дIатийна, гIийла техкаш,
Хьаннийн сенчу аганахь!
Ма хазло-кха, Iуьйре хьекъаш,
Дуьне – Iалам Веданахь!

Просмотров: 31 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close