10:24
Гадаев Мохьмад-Салахь. Боданах етта ю буьйса.

* * *

Боданах етта ю буьйса.
Дитташа дайн шабар до.
Стиглара седарчий хьуьйсу.
Ойлано оьций дIахьо.

Стенга хьо – соьга ма хетта.
Беха некъ билгала бу:
Исбаьхьа сирла схьакхетта
Езачун довха нур ду.

Стиглара седарчий хьуьйсу.
Дитташа дайн шабар до.
Даим ас хьоьга сатуьйсу.
Даим хьох хьаьгна ву со.

Просмотров: 14 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close