10:25
Гадаев Мохьмад-Салахь. Муъма вежаршка

Ойлано оллийна корта базбелла,
Балано хьовзийна вахар тазделла,
Iазапо Iовжийна вацар хазделла,
Генарчу махкара шуьга со хьоьжу.

Вахаран-кхалхаран ойланна аьлла,
ГIийла со лахвелча, суьйренца ваьлла,
ХIоллам гац халкъалахь сайн карахдаьлла,
Баьссачу сайн некъах воьлхуш, со хьоьжу.

Iаламан эшарехь Iехалуш, ловзий,
БIаьрг боьллуш дайнариг бIаьрг хьаббош девзий,
Iожаллин метта тIехь байттамал хьовзий,
Зиэн довчу вайн догIмех дог лозуш, хьоьжу.

ЖехIалчу жайнаша жимчохь Iехорна,
Iесачу некъа тIехь айпаш лехьорна,
Мел боцуш, эрна дукъ айса текхорна,
Дог дохко даларца, Деле со хьоьжу.

Кхоьллинчо кхийдо некъ бIаьргашна байна,
Шен дагна хилла чов собардеш лайна,
Вовшашца догмерза, вовшашца тайна,
Вай маца нислур те бохуш, со хьоьжу.

Элчано баьхна ду, вовшашка хьовса,
Вовшийн дог дохадеш, дуьне ма къовса.
Элчан некъ талхабеш, нацкъар ма хьовза –
Элчан цIе Iаьршашкахь лепаш ю, хьуна.

Дуьненаш адамашна кхоьллинчу Дала,
Хьо адамийн хьашташна кхолланц, ма ала,
Адамашца лачвалий, Делах ма вала –
Адмашна гуш вацахь, Далла гац, хьуна.

Делан цIерш йохуш, вай Iаьршашка хьуьйсу,
Эхарехь аьттоне даим сатуьйсу,
Амма вай вовшашна син-пхерчий кхуьйсу –
Адмашна вовшийн дог девзаш ду, хьуна.

Делаца хьан герго адамашца юзу,
Къин-мелан терзанаш цара ма узу,
Цар озахь, кхоьллинчо хьоьгахьа узу –
Тоьшалле хIуьттуш дерш адмаш ду, хьуна.

Кхоьллинарг лоьручо адамаш лера,
Кхечунна шех цатам кхетарах кхера,
Шен бехках ма вала Делаца хера –
Вай вовшийн дезаро кхачам бо, хьуна.

Кхоьллинчо кхийдо некъ бIаьргашна байна,
Шен дагна хилла чов собардеш лайна,
Вовшашца догмерза, вовшашца тайна,
Вай маца нислур те бохуш, со хьоьжу.

Просмотров: 17 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close