16:08
Гадаев Мохьмад-Салахьан кхоллараллехь безаман тема

Гадаев Мохьмад-Салахьан кхоллараллехь безаман тема

А.А.Мусаева,

Нохчийн пачхьалкхан университетан

нохчийн филологин кафедрин аспирант

 

Аннотаци: ХIокху статья тIехь йовзуьйту нохчийн къоман хьакъволлу векал хиллачу, нохчийн къоман дуьхьа ваха а, къахьега а кхиънехь, шен белхаш Iалашбан а, кхион а, баржон а ларийнехь, вайн махкана а, халкъана а маххадалур боцу пайда бан а, вайн халкъан культура, Iилма, литература кхиорна юкъа йоккха хазна йилла а кхоллараллин таронаш хилла волчу нохчийн сийлахьчу яздархочун Гадаев Мохьмад-Салахьан кхоллараллехь безаман лирико дIалоцуш йолу меттиг.

Коьрта дешнаш: Гадаев Мохьмад-Салахь, поэзи, безаман лирика.

Poems related to love in Gadaev Mohmad-Salah's work

A.A. Musaeva,

postgraduate student of the Department of Chechen Philology

of the Chechen State University

 

Annotation: This article discusses the role of love lyrics in the work of the outstanding writer, the worthy representative of the Chechen people, Gadayev Mohmad-Salaha, was able to achieve great heights in the development of culture, science and literature, if he managed to live in the name of his people and preserve and distribute his work.

Keywords: Gadaev Mohmad-Salah, poetry, love lyrics.

 

БIенаш шерашкахь я эзар шарахь цкъа бен ишттаниг хуьлуш воцуш, массо агIор похIме, хьекъале, говза, хьуьнаре стаг хилла нохчийн гIараваьлла волу поэт, драматург, гочдархо, Iилманча Гадаев Мохьмад-Салахь. Цунна тоьшалла до вайга схьакхаьчначу цуьнан говзарша а (уьш вайна ма-луъу дукха вовшах ца кхеттехь а), цо яздинчу, цуьнга яздинчу кехаташа а, иза вевзинчара, вуьйцуш хезинчара цунах лаьцна яздинчу йозанаша а. Гадаев Мохьмад-Салахь санна долу бIаьрла адам вайн халкъалахь ца диссал декъаза нохчийн къам а дара оцу муьрехь. Цо набахтешкахь яьккхина шен ахдахар хан маьрша яьккхина хиллехь, оцу ехачу заманна вайн халкъана иза мел пайда бан кхиъна хир вара, ша дага мел лаьцнарг кхочушдан иза ларийнехь, цо кхиарехь вайн къам мел хьалхадаьккхина хир дара ойла а ялур яц. И дерриге а вайн сатийсамаш, дагахьбалламаш хилла дисина, байтамал-яI бахар бен вайна кхин хIума а ца дуьтуш. Амма, шеко йоцуш, М.-С. Гадаевн цIе нохчийн иэсехь гуттаренна а яха йисина. Бакъволу цхьа нохчи дийна мел ву иза ехар а ю, вайн къоман тоьлла болчу векалийн цIерийн могIарехь.

Тахана вай талла юьхьарлаьцнарг Гадаев Мохьмад-Салахьан дахар а дац я цуьнан ерриге кхолларалла а яц, я цуьнан Iилманан лехамаш, кхиамаш бац. И дерриге а вайл хьалха нохчийн бу бохучу Iилманчаша теллина, гулдина, арахецна Нохчийн Республикин Iилманийн Академин куьйгаллица зорбане яьллачу «Нохчийн Республикин къаьмнийн синкхачанан хазна» серин декъехь, шина томехь. Тахана вайна тидам тIебахийта луург М.-С. Гадаевн кхоллараллехь шатайпа меттиг дIалоцуш йолу безаман тема ю. Хууш ма-хиллара, хIора а ву аьлла поэт, яздархо гIаравоккхучу, тоьллачу говзарех цхьаъ хуьлуш ю безамах лаьцнарг. Муьлхха а гIараваьлла, сийлахь поэт вай схьаэцча, хуьлийла иза муьлххачу къомах а, муьлххачу динехь а, цуьнан тоьллачу говзарех цхьаъ я масех безамах лаьцна язйина карайо вайна. Безамах лаьцна яздина дешнаш халкъана уггар чIогIа дезалуш, дагах кхеташ хилар хила тарло цунна бахьана, хIунда аьлча, безаман марзо йовзаза, цуьнан къахьо Iовшаза, цо дог марсадахаза наггахь а стаг хир вац. Цул сов, поэтехь кхоллараллин суй гIатториг, цуьнан са карзадоккхуриг, шен тоьлла болу могIанаш язбан поэтан дог иракарахIотториг а безам бу: хуьлийла иза Даймахке, нене, халкъе, езаре, муьлххачу кепара. Безам бу-кх даккхий диканаш дан, бIаьрла кхиамаш баха, дуьне даккхал йолу дог-ойла гIиттош, дахаран новкъа адам доккхуриг.

Гадаев Мохьмад-Салахьан кхоллараллехь, Даймахкана лерина йолу тоьлла говзарш («Даймахке сатийсар», «Дай баьхна латта», «ЦIен-берд») дIаевллачул тIаьхьа, къаьсттина меттиг дIалоцу безаман лирико. ХIара таллам дIаболош, социалан сеташкахь жима хаттам бинера оха, Гадаев Мохьмад-Салахьан кхолларалла, безаман тема хьахор а доцуш, нахана йовзар толлуш. Халахеташ делахь а, кхузаманахьлерчу кегийрхошна кIезиг евза М.-С. Гадаевн кхолларалла хьовх, цуьнан цIе а. Оха бинчу хаттамо а гайти иза.  Интернетан агIонашкахь (виртуалан кепара) тайп-тайпана говзаллаш а, хенаш а йолчу 64 стаге Гадаев Мохьмад-Салахьан кхолларалла йовзаран, цуьнан говзарийн цIераш яхаран хьокъехь хаттарш динера оха, иштта, «Чурт санна, лаьтта со ГIум-Азин арахь» а, «Ламанан дарта ю, хьегIарехь тийна» а дешнаш юкъахь долу иллеш хезний аьлла а хаьттинера. Оха хаттарш динчу 64 стагах жоьпаш делларг 43 вара. Царах М.-С. Гадаевн кхолларалла евзаш, и вуьйцу хезнарш 25 бен вацара, царалахь поэтан говзарийн цIераш (цхьаъ я масех) яьккхинарг 13 а волуш. Лакхахь билгалдаьхна иллеш я царах цхьаъ хезна шена аьлла жоп делла 26-мо, оцу ткъе ялханна юкъахь поэтан кхолларалла ца евзарш а болуш. Хаттаршна жоьпаш деллачарах 11 стаг я вуьйцучу яздархочун цIе хезна а, я хьахийна долу иллеш хезна а вацара. И терахьаш тайп-тайпана хилар массара а цхьабосса чулацаме, кхоччуш жоьпаш цадалар бахьанехь ду. Говзарийн цIераш яьхначара, массара а цхьатерра ала мегар долуш, билгалйохурш яра «Даймахке сатийсар», «ЦIен-берд», иштта, «Дарта», «Мехкан лоьмашка». Уьш авторан уггар гIараевлла стихотворенеш хилар хир ду коьрта бахьана. Хаттамехь дакъалаьцначарах цхьамма бен ца яьккхира поэтан безамах лаьцначу говзаран цIе – иза яра «Йисите» стихотворени. «Ахь бех ма биллалахь ас яздо алий, сел кIеззиг евзинчу хьайга сайн могIнаш» аьлла цо (стихотворенин цIе яьккхинчо) самукъадаларца дIа а йийшира иза.

Бакъ долуш, халкъалахь башха гIараевлла евзаш яц Гадаев Мохьмад-Салахьан безаман лирика юкъалоцу говзарш. Делахь а, яздархочун кхоллараллин доккха, башха цхьа дакъа дIалоцуш ю уьш: «Йисите», «Хазахеттера суна хьо…», «Хьегар», «Бэлин йиш», «Гитаран аз», «Б-те», «Мунаева Саибате», «Генара кехат», «Генара веза кIант, кхеталахь…», «Малике», «Ветта-м лур вац со жимвелла …», «Суьйре, Iуьйре гIийла йогIу», «Тохалой, кийрахь дог цIевза…», «Т-е», «Хьуна дог Iийжаш ца хилча», «Эсала эшар», «Наггахь кхочий, хьан кехато…» стихотворенеш, «Некъаза безам» поэма, кхиерш а. Къаьсттина билгалъяккха лаьа «Кехаташкахь поэма», иза дIайолош автора боху вайга:

«Къанвелча безамаш бийцар –

гIалатех ларалуш ду,

Амма цо (къеначо) корматаллица

назманаш язйинехь

довхачу цIийца –

безамийн шовкъашца

йоьшуш гуш ю.

Цундела олу ас:

Шайн дегнаш гIовттадахь

ас яздинчара,

безам ас хьехабар

гIалат ма лара».

Поэта яздинчара баккъал а дегнаш гIовттадо, аьлча а, гIиттадо – безамна. Къанвелча безам бийцар гIалат ларар я авторера бехк баккхар дага а ца догIу, яздархочо безамах лаьцна дукха говза яздинчу дешнаша, мацах цкъа ша лайна я хIинца ловш болу синхаамаш карлабаьхна, марсабаьхна, ойла паналле кхерстинчу ешархочунна. Оцу поэмин дош, хIора а аьлча санна, ду, автора олуш ма-хиллара, шех «безамна бIарлагIа» ян хьакъ долуш. «Дависа, безам, хьан, ма ницкъ бу хьоьгахь!» олий, дIадоладой, кхидIа безаман ницкъ бовзуьйту автора. Иза (и ницкъ) бу, поэта дийцарехь, чаьмзаниг марзадарехь, ирчаниг хаздарехь, баланаш бицбарехь, лайлахь а йовха, къоьллехь а мадар, балха тIехь шовкъ а хиларехь. Iарша яллал ойланехь тIемаш хуьлуьйтуш хилча, лам харцо а, хIотто а бIо булуьйтуш хилча, баккъал а, ма ницкъ бу-кх безамехь, цуьнан «некъах ца тилча»! Амма цуьнан «некъ сацахь», хьовза ца валлал аренаш гатлур ю, даш хилла, ламанаш а тIе дазлур ду, Iалам ца галлал денойн нур кхулур ду, пхенашка цIийн метта цIе кхерстар ю.

«Кехаташкарчу поэмехь» ешархочунна бевза, хетарехь, Гадаев Мохьмад-Салахьа лайначарах уггаре а чIогIа синхаамаш – къоначу Малике болу цуьнан цIена, сирла, башха безам. ХIаъ, бакъ долуш, Малика йоцучарна лерина а безамах могIанаш ду яздархочун. Цу юкъахь ю цо шен дуьххьарлерчу безамна язйина йолу «Йисита» стихотворени а, кхиерш а. Амма шайн чулацамца, синкIоргене кхачарца уьш юсталур яц Маликина леринчу говзаршца. Шен тIаьххьарлера безам яздархочунна бевза 1968-чу шарахь, ша набахтихь волуш. Кхул дуккха а жима йолу Малика (М.-С. Гадаевн кхолларалла мел йовзуьйтучу хьостанашкахь иштта язйина оцу йоьIан цIе) стихаш язъеш а, уьш чIогIа дукхаезаш а хилла. Оцу Маликин деваша хилла Мохьмад-Салахьца цхьаьна набахтихь, цо вийцарца вевзинера къоначу йоIана сийлахь яздархо. Стих кхолларан башхаллаш юьйцуш, шаьшшиннан а, кхиболчу авторийн а стихотворенеш йийцаре еш, вовшех дагадуьйлуш хилла и шиъ юьхьанца. Цул тIаьхьа вовшашка синхаамаш кхоллалой, безаман кехаташка доьрзу церан дагадийлар. КIиранах 3-4 кехат а яздеш хилла поэта йоьIе. Маликас дагалецарехь, кхочушдан дагалаьцнарш дуккха а хилла Гадаев Мохьмад-Салахьан, ша иштта хьалхе дIагIур ву аьлла, дагахь ца хилла цунна.

«Даггара моьттинарг дехка карийна,

Сирла де Iаржделла, хIоьттина елахь;

Мерза мел хеттачух дIовшан стим ийна,

Йоьхначу ойланех йоьттина елахь;

 

Буьйсанан наб яйна, дийнан тем байна,

Кхачанна йицъялар девзина елахь;

Дахарах догдаьлла, амал-гIад дайна,

Iийжарна кийрахь дог цIевзина елахь, ­–

 

ТIаккха хьо тарлуш ду соьгарчух кхета.

ТIаккха бен – тарлуш а дац», – боху поэта Малике («Малике» цIе йолчу стихотворенехь а), безамо шега хIоттийнарг говза довза а довзуьйтуш. Цул тIаьхьа баркалла боху цо йоьIана, «муьргана эцарна дог»:

«Баркалла, баркалла цунна –

Сан дагна озийна гIура яшорна.

Баркалла, кIеззигачунна,

Кхоьлина боьду бIаьрг сирла къажорна». Лаарх дицлуш дац боху цо ишттаниг, мелхо а, «хенехь дах мел лун а – дегIехь чIагIло», «ишттаниг тIаьхь-тIаьхьа даг чохь чIагIло».

«Вайшиннан безамал чIогIа

Кхин безам хир бу ма мотта.

Цунна ду болатан догIа…

Шеко яй, холча ма хIотта», – олуш, шен безамах юха а, тIаккха а тешайо цо йоI. ТIаккха, безаман мерза аз стигалан Iаьрше доккхий даздо:

«Iадавеш, телхинарг санна,

ВогIалой, хьоьжуш со Iа…

Довхачу маршаллашцанна

Мерза аз Iенаш ду схьа.

 

Iаьршара санна и догIу, –

Генара безаман аз.

Ойланаш тохало чIогIа,

Амма уьш ян ца ло яз».

Безамна тохаелла ойланаш «язлуш а йоццушехь», оццул говза, исбаьхьа, мерза ша бовзийтина безам, уьш язлуш а хиллехь, муха бовзуьйтур бара-те автора? Кхин говза, доггах муха алалур дара-те безамах лаьцна?

Набахтихь хан токхуш, къаналлехьа лестинчу шен безамо иракарахIоттийна дог ма говза далхадо поэта «Кехаташкарчу поэмехь», езарца йоьзна шен дегайовхо ма ховха гойту:

«Кхоллараллин новкъахь, агIо сох тоьхна,

Кортали ловзош, хьо улло хIоьтти.

Ойланаш тойи ахь, заманца йоьзна.

Кийра чу шовкъаллин алу йоьтти».

Дахарехь цкъа а иштта безам шена бевзина цахиларца цхьаьна, шен хенах шена «эхь хетар» а гойту:

«Иштаниг вахарехь ган а ца гайна:

БIаьрг дIа мел оьхьначохь – хьан цхьа сурт го.

Дерриге суьртел ша сан дагна тайна,

Саццанза шегахьа цо ийзаво…

Хьаьвзина висна со, амал жимделла,

Дийца некъ боцучу дагара хьуна.

Башха кеп хIоьтти-кха, корта кIайбелла,

Хилларш хир дац моьттуш, Iийначу суна».

Шен безамехь ша цхьалха цахилар довзуьйтуш, йоьIан бовха, мерза, ховха безам а, цуьнан сатийсам а, шеца хила и хьагар а гойту М.-С. Гадаевс оццу поэмехь «везачуьнга» аьлла, йоьIан цIарах дуьхьал язбинчу могIанашкахь:

«Язделлий-те Iаьршан йоза вайна вовшийн ган?

ДогIур дуй-те дезна доза – хьегар кхачадан?

Мел хала ду, мел хаза ду хьоьга дегIа ла.

Сингаттамах хьерчаш ма ю хазчу духарла.

 

ХIора ког а хьоьца билла,

Хьоьца хьерча хьоьгу со.

Халчу новкъахь накъост хилла,

Юххе хIуттур яр-кха со».

ТIаккха цо, ирсечу кханенах ша а доггах тешарца, сатийсарца, жоп ло йоьIан «хаттарна»:

«Тарлуш ду, кхолламаш бузучу кхиэло

Вайшиннан морзахчу некъах цхьаъ бан.

Хьегаро дегнашкахь латтаеш гIиэло,

Вовшех вай хьаьрчина, яцарехь ган.

Мерзачу хьестарийн бовха малх кхетта,

Вонаш дицделла, вай ховша тарло,

Ирсе мел хиллачел ирсе ваьш хетта…

Вовшийн вай бIаьргаш чу хьовса тарло…».

Безамо йийсаре лаьцна, ша-шах цецвуьйлуш, хьегар лахцадаларна хьегIна, юх-юха а хаттарш луш, безамца къамеле вуьйлу поэт:

«…Диллина коьртехь ду хаттар:

Хьегаран дозанаш хIунда ца го?

Хенашкахь вайша ду хийра,

Дахаран некъаш а морзахлелла.

Вайшиннан хIунда бу кийра,

Безаман хьегаро буьзна селла?».

Эххар а, сатийсаро кIадвина, гатбелла, хьулбала боьллачу беттан марсаца ша а вустуш, цунна улло хIоьттинчу седанца шен къона езар юсту Мохьмад-Салахьа:

«Вайшиннан сурт иза ас тардинера:

Бовшболу беттан марс – вовшволу со.

Къегина хIоьттина тайна Венера –

Дахаран некъана юьххьера хьо.

Хьуна хьайн яхарехь гойла ду хийла,

Баттана лулара сирла Венера.

Гича, ахь, кIеззига хIоьттина гIийла,

Суо дагалоцийла суна лиънера».

ТIаккха, цхьаьна а кхетале къастарх дуьххьара ойла йинчу йоьIа «жоп ло»:

«Цкъа а ас ца йинчу ойлане яьлла,

Йоьхна со хьийжира кешнийн керте:

Къайлахчу Iожаллин хьуна кадаьлла,

Iаьршан кIел цхьан йисахь – ас хIун дер те?

 

Iалашо тIаккха гац лаьтта тIехь яха,

Баланах хьулъяла меттиг ца го.

«ТIулг хили хьенехах!» – ала дай наха,

Чурт хилла, хьан каш тIе хIуттур ю со!».

Оццул говзачу маттаца, оццул дагах кхеташ безамах лаьцна яздан кхин хьенан ницкъ кхаьчна-те? Цхьамма а лан а лайний-те цу кепара безам аллал, даге кхочуш ду Гадаев Мохьмад-Салахьан безамах долу и дешнаш. Массо агIор похIме, говза, хьуьнаре хиларца вевзаш волу иза керлачу кепара вевза цуьнан кхоллараллин безаман лирикин кIоргене кхевдича. Цо лайна болу дуьненан баланаш-м хIумма а доцург хилла, цо лайначу безаман «мерзачу къахьоне» хьаьжча олий, ойла кхоллало.

Безам бийца нохчийн мотт къен хетарг Гадаев Мохьмад-Салахьан кхолларалле кховда везара. Нохчийн маттахь-м хьовха, оьрсийн я кхидолчу къаьмнийн цхьана а маттахь цхьана а яздархочо оццул говза яз а диний-те безамах лаьцна? Дуьненахь а шен хазаллица, гIайгIане безам, бохаме кхоллам балхорца гIараяьлла евзаш йолу Шекспиран «Ромео и Джульетта» поэма а ма йицло, М.-С. Гадаевн «Кехаташкахь поэма» йоьшуш. Дуьненан тоьллачу къаьмнийн меттанашка гочйина хила езаш яра иза, наха цуьнан муха мах хадабо хьовса а.

 

Пайдаэцна литература:

  1. Гадаев Мохьмад-Салахь. ЦIен-Берд. Хаьржина произведенеш. Соьлжа-ГIала, 2005.
  2. Гадаев Мохьмад-Салахь. Безамна бIарлагIа. Шина томехь. I том. Соьлжа-ГIала, 2010. – 494 агIо.
  3. Гадаев Мохьмад-Салахь. Синлехамаш. Шина томехь. II том – Соьлжа-ГIала, 2010. – 560 агIо.
Просмотров: 79 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close