03:43
Илли «Толаман Де»

 ТОЛАМАН ДЕ

Толаман де, гена дара вайна и,
Д1аяйначу ц1аргахь к1ора хийла ги.
Ченаш йолчу новкъахь дукха йиъна къахь,
Лакхара кху Денна белла беза мах.


ПРИПЕВ:
Кху Толаман Дийнахь къаьхьа хета х1о.
Дезчу дийнахь къоьжа гуш бу х1ора чо.
Хазахетар б1аьргаш чура хишца го...
Толаман де! Толаман де! Толаман де!

Денна - буса эчиг лалош хилла пеш,
Сема ларйи Даймахко мало ца еш.
Денна- буса къийсамехь лаьттира нах.
Лаккхара кху Денна белла беза мах.
ПРИПЕВ:
Хьоме нана! Берриге ца бирзи ц1а,
Вада лаьа эгадеш тхи аренца.
Ах-Европа тхо г1ашлелла, лаьттан ах,
Лаккхара кху Денна белла беза мах!

ПРИПЕВ - дважды

слова Владимира Харитонова

перевод Хожбауди Борхаджиева

Просмотров: 41 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close