18:57
Инга Хаяури


Т1аьххьара дош аьлла, безаман кхокха
Машарца къаьсташ вай боккхур бу т1ома.
Дезар ду юха а цхьалла сан такха, 
Соьца-м и даимна яра-кха гома.

Т1аьххьара дош аьлла, деган пха хадош,
Къурдашца лачкъийна хьулйина ойла.
Суо шек ца яларца кхетам сайн 1адош,
Холбате йирзина хир ю сан 1ойла.

Тийналла яьржинчу буьйсане уьдуш,
Хьох йолу ойланех синайам г1итта.
Сайн дагалецамаш г1евланга бохкуш,
Синтемах даьллачу сица уьш литта.

Т1аьххьара дош аьлла, маршо ас елла,
Бог1ур бац коре сан безаман кхокха,
Хеталуш - дийна ю, я ю те елла?
Денош сайн дисина дезар ду такха.
 

Просмотров: 35 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close