01:37
Яхиханов М.

Со а делара зингат... Зингатийн а хилла-кх шатайпа lалам -
Хьажахьа, цхьатерра вовшийн беш тlалам!

Хьалхарчун лорах дlадоьлху-кха диснарш,
Схьалехьош лаьттара тlекхаьчна цуьргаш.

Дlабилла мало еш, биснехь цхьа кхача,
Цу сохьта тlегулло зингатийн тача... Лаьара со хила шу санна зингат,
Барт хаттар хир доцу са маьрша дийнат.

Сан къинош дlаяздеш малийкаш доцуш,
Жоьжахатехь вагаран кхерам а боцуш.

Просмотров: 14 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close