09:45
Хамидов А.-Х. Байташ
ДАЙМОХК

Даймохк!
Дац хьол хаза дош.
Сан мерза ва безам,
Дац хьол хаза дош
Бека, бека сан мукъам.
И дешнаш хаста деш.

Мичахь ю ирхонаш
Вай йохур йоцуш,
Мичахь ю дуьхьлонаш,
Халонаш,
Вай эшор йоцуш?

Даймохк!
Сан хьоме даймохк!
ХIун дийр дац, хьан дуьхьа?
Йоцчу беш югIуш
Ас Iалаш бийр бу хьо.

Даймохк!
Сан башха даймохк,
Дуй-техьа дуьненчохь
Хьоь, кхочуш хIума?
Дац! Хила амал дац,
Хастам хьуна даймохк!


ТЕРКА ЙИСТЕХЬ

Цу Iаннийн кIоргенехь мохь-цIогIа детташ,
Бос Iаьржа и верта хьайн белшах тесна,
Мокхазар и бердаш тулгIешца отуш,
ГIовгIанца кхочу Терк шерачу ара.

Хьо стенна уьду Терк садаIар доцуш,
Ахь стенна гIовгIа йо дохк-мархаш чехош,
Собурде садаIа сихцалуш хила,
Безамах догу шиъ кхеро ма гIерта.

Буьйсанна хIораммо садоIуш хуьлу,
Беначохь олхазар набарна товжу,
Буьйсанна мукъана а садоIуш хила,
Безамах догу шиъ кхеро ма гIерта.

Хьо карзах ма дийла, гIергIа ма гIергIа,
Тхойшинна нажан дитт доллучохь дита,
Сол тола ма гIерта, хьайн новкъа дIагIо,
Безамах догу шиъ кхеро ма гIерта.

Баркалла, баркалла сийна Терк хьуна,
Аренца сеттина суна тIе деъна,
Сийначу хинйисте цIен зезаг тесна,
Хьо новкъа даларна кхин гIар яр доцуш.


ПАРТИЗАНАН ИЛЛИ

Генахь лаьмнел дехьахь,
Сайн нана йитина,
МостагIчу букъ тIехьахь,
Со тIаме хIоьттина.

Со вина сан нана,
КIант осал карийна,
ЮьхьIаьржа хIоттарна,
Кхера ма кхералахь.

Мангало буц санна,
МостагIий эгийна,
СадаIа со хиъча,
Сагатло сайн нанна.

Малх регIах хьулбелла,
Арахь тIом гIелбелла,
Чов ехка со хиъча,
Сагатло сайн нанна.

Луьра бу тIом, нана,
Вайн толам бац гена,
Хьайга кехат хьелахь,
Йоха ма йохалахь.

МостагIийн догIмашна,
Вайн махках каш дина,
Толамца вайн юьрта,
Воьрзур ву со кестта.


ХЬОМЕ ЛАЙЛАЪ

Са хуьлу седа серла буьйлу,
Набарха ялаз юрт ма Iуьллу,
Ва Лайлаъ, хьан корехь богуш чиркх го суна,
И суна гуш буй хаьий хьуна?

ТогIийчу гуллуш бажа лаьтта,
КIайн ведар карахь хьо йогIуш го,
Ва Лайлаъ, хьо шурин татол дилла гIерта,
Ас гIо де хьуна, хьоме Лайлаъ?

Пхьор хьена лоьхуш хьелий лелош,
КIадялар доцуш айхьа болх беш,
Ва Лайлаъ, вайшинна безам биц ма белахь,
Со дага лоцуш хIума делахь.

БалхатIехь билгал хьо юьйлуш ю,
Хьоь йохье кхойкхуш со болх беш ву,
Ва Лайлаъ, сайн дегIа сил хьо еза суна,
Йолахьа соьга, доьху хьоьга.

Бенашка уьдуш олхазарш ду,
Хьо цIехьа йогIуш суна гуш ю,
Ва Лайлаъ, тхан цIийна юххеш тIех ма ялахь,
ЙогIийла марша, хьоме Лайлаъ!


ЙОЛА СОЬГА, ДЕШИ!

Нанна бер санна, 
Хьо еза суна,
Йола соьга, Деши.
И шовда санна,
Безам бу цIена,
Йола соьга, Деши.

Там – товраш дити,
Баккхий нах бити,
Йола соьга, Деши.
Вешан ирсан дай,
Хила деза вай,
Йола соьга, Деши.

Дог хьоьга кхойкху,
Хьан безам лоьху,
Йола соьга, Деши,
Кегирхойн ловзар,
Юрт гулъеш ду дийр,
Йола соьга, Деши.

Схьагулло кIентий,
Сан ирсан шуьне,
Соьга йогIу Деши.
Сихое кIентий,
Тхойшиъ декъал де,
Соьга йогIу Деши.


ХИ ЙИСТЕХЬ

Хаза ю ламанца буьйса
Стиглахь батто нека до.
Ойла ю тоелла тховса,
Безам кийрахь ийъало.

Собар дехьа, дIа ма гIохьа,
Сайн дагахь дерг дицийтахьа,
Ши дош ала бакъо лохьа,
«Еза», «Йола» - алийтахьа.

Наб озийначу хийистехь,
«Веза», «ЙогIу» - ахь аьлча,
Кху лекхчу таллан IиндагIехь,
Бехк буй сан йиш ас лекхча?

Собар дехьа, дIа ма гIохьа,
Сайн дагахь дерг дицийтахьа,
Ши дош ала бакъо лохьа,
«Еза», «Йола» - алийтахьа.


ЖАIУЬНАН ЙИШ

Дитта гIаш дегош, арахь мох баьлча,
Цу регIа басахь жа ловза даьлча,
Попах букъ тоьхна, аса ойла йича,
Хьо ган сагатло, ненан хаза йоI.

Малх дIалечкъина, суьйре тIе еача,
Къилбаседа стиглахь гучу баьлча,
Жа жалахь паргIат даьккхина со ваьлча,
Хьо ган сагатло, ненан хаза йоI.

Букур дарц хьийзош, мох карзах баьлча,
Цу хьуьнан кIоргехь меца борз уьгIча,
Жа лардеш дуьйлу сан герз дIа тийча,
Хьо ган сагатло, ненан хаза йоI.

Вертанах хьерчаш со агIор ваьлча,
Набар тар тесна гIан-набарш гича,
Соьга ян кечлуш хьо сайна яйча,
Хьо ган сагатло ненан хаза йоI.


ХАНПАША ВИНЧУ ДЕННА

Декъала хуьлда,
КIант вина да – нана, 
Ирс долуш хуьлда,
Вайн хьоме Ханпаша.

ТIаьхьара эрг: Даймехкан сий лардеш,
Хьайн халкъан ирс лоьхуш,
Къонах хуьлда хьоьх,
Тхан хьомен Ханпаша.

Халкъ доккха дедеш,
Яхь йолуш хуьлда хьо,
ТIамехь ка йолуш,
Турпала хуьлда хьо.

ТIаьхьара эрг: Даймехкан сий лардеш,
Хьайн халкъан ирс лоьхуш,
Къонах хуьлда хьоьх,
Тхан хьомен Ханпаша.


КУРЧУ КIАНТЕ

Деши хир ду бехир соьга,
Дети хир ду бехир соьга,
Курчу кIанта шега еъча,
Дала лур ду бехир соьга.

Воьлуш бIаьра сайна хьаьжча,
Дукха еза ахьа баьхча,
Iеха елир, кIорни, хьуна;
Кхин Iехор яц, кIорни, ахьа.

Массарел ша хаза долуш,
Йоккха колхоз серла йохуш,
Сан кIорни ду лулахь дехаш,
Со ца йогIу, хьаша, хьоьга.


«ЙОЛА СОЬГА»
(Выйди за меня)

I
Шо зама дIа яьлла, хьо езаш со лела,
«ЙогIур со» аьлла, дош дела хьо йолуш яц,
Дош делла хьо йолуш яц, ва ненан хаза йоI.

Припев:
Сийна Терк дистича, куьйгаш тIе йиллина,
Хьо сехьа яьккхича, йогIур ярий хьо соьга?
ЙогIур ярий хьо соьга, ненан хаза йоI?

2
Цу малхо дакъийна, латта хих Iабийна,
Ас бошмаш кхиийна, йогIур ярий хьо соьга,
ЙогIур ярий хьо соьга, ва ненан хаза йоI?

Припев:
Махо яраш лестош, лаьттина аренаш,
Ас ялтех хазйичи, йогIур ярий хьо соьга,
ЙогIур ярий хьо соьга, ненан хаза йоI?

3
Соьлжа хи сацийна, эзар гIала къагош,
Ас чиркхаш латийча, йогIур ярий хьо соьга,
ЙогIур ярий хьо соьга, ва ненан хаза йоI?

Припев:
Шо зама дIаяьлла, хьо езаш со лела,
«ЙогIур ю со» аьлла, дош делла хьо йолуш яц,
Дош делла хьо йолуш яц, ненан хаза йоI.



 
Просмотров: 20 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close