09:26
Хатуев Iабдул - Хьамид. Холхаз куй

 

Хьо малвелла,дохковаьллехь,
Ахь къарбинехь, биъна дуй,
Тешам нехан хьоьх дIабаьллехь,
Ахь сийсазбо холхаз куй!

Хезаш, буса варшахь-арахь
Хьайга дохуш орца дуй,
Хьо ког хецна, паргIатваьллехь,
Ахь сийсазбо холхаз куй!

Хьан нийсонан цIе дIаяйнехь,
Баьгна баьлла, кийрахь суй,
Хьуна хьанал-хьарам тайнехь,
Ахь сийсазбо холхаз куй!

Дош ца хеташ, олург наха,
Церан сардам , наьIалт, туй
Кийча велахь, эрна ваха,
Ахь сийсазбо холхаз куй!

Хийла йоI ю дешин меха-
Нехан бIаьрахь-цIеран суй.
Мекхаш хиларх мелла деха,
Хууш дац хьо къонах вуй!.

Хиъна суна дуьне, эхарт
Дикчу кIентийн белш тIехь дуй,
Къонахчо шен коьртан меха,
Лоруш, ларбо холхаз куй!

 

 

Просмотров: 20 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close