09:53
«Хьаьжа-Мурд», Лев Толстой.

Дорогие читатели!

Библиотека чеченской литературы пополнилась повестью «Хаджи-Мурат» Льва Николаевича Толстого в чудесном переводе на чеченский язык писателя и литературоведа Эльбруса Минкаилова.

Книга вышла под редакцией Д. Сумбулатова и И. Ирисханова в количестве 500 экземпляров, и все они находятся в библиотеке Союза писателей ЧР на время карантина.

Мы искренне надеемся, что в скором времени наша жизнь вернётся в привычное русло и каждый желающий сможет получить книгу на руки. 

 

Отрывок:

   ТIелетта йохийна юрт яра, ша оьрсашна тIевахале хьалха Хьаьжа-Мурда буьйса яьккхинарг.

   Хьаьжа-Мурд тIевоьоссина хилла волу Садо, шен доьзалца лам чу дIавоьдуш вара, оьрсий юьртанна гергакхочуш. Шен юьрта вухавеача, шен цIенош дохийна карийра Садона: тхов тIетоьхна бара, неIIий, учин бIогIамашший дагийнера, чоьнаш боьхаллашца бехйинера. Ткъа цуьнан воI, тохарлера куьцехь, къегаш бIаьргаш долу кIант, Хьаьжа-Мурде воккхавеш хьежна, тIе верта тесначу говрахь маьждиг долчу схьавалийнера. Цунна букъах цхьамза Iоьттинера. Хьаьжа-Мурд веану хенахь цунна юург-мерг луш хилла куц долу зуда, хIинца, некхера коч а ятIийна, охьакхозуш долу цуьнан къена накхош гучу а дохуш, месаш дIаса а яржийна, кIантана тIехIоьттина лаьттара, цIий даллалц юьхь тIе мIараш а хьоькхуш, ца соццуш тийжа а тийжаш. ЗIокберггий, беллий эцна, Садо гергарчаьрца цхьаьна шен кIантана каш даккха вахара. Воккха стаг, кIентан денда, тIетоьхначу цIенойн пена улле охьа а хиъна, уьрсаца гIаж а хьоькхуш, шена хьалхахьа ойланза дIа а хьоьжуш Iаш вара. Шен накхарш долчуьра хIетта схьакхаьчнера иза. Цигахь хилла алан жима ши рагI ягийнера; кегдина, дагийна дIадаьхнера воккхачу стага дийгIина а, кхиийна а туьркийн, баьллийн дитташ, ткъа коьртаниг, дерриг накхарш мозашца цхьаьний дагийнера. Зударийн тийжар дара массо а кертахь а, кхин ши дакъа а тIедеъначу майданахь а. Шайн наношца цхьаьна кегийра бераш а дара доьлхуш. Маьхьарий хьоькхуш дара, хьалхадилла хIума а доцуш, мацделла бежнаш а. Даккхий бераш ловзуш дацара, ткъа кхераделлачу бIаьргашца баккхийчаьрга хьоьжура.

   Чу боьхаллаш йиттинера шовданна, деккъа хIуьттаренна динера иза, цу чуьра хи ца эцийта. Иштта бехдинера маьждиг а, мутаIеламашца иза цIандеш воллура молла.

   Юьртара баккхий нах майдана а гулбелла, когашна тIе а лахбелла, шайн хьал далхош бара...

Просмотров: 37 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close