19:17
Лорсанова Зарета


Т1ома дала ца кхиина са... Т1аьххьарлера маьлхан з1аьнарш д1аяйра цу юьртан лаьтта т1ехь. 1аьнан буьрсачу мохо йадош яра цу олхазарийн цхьа г1ийла, миска тоба. Яханчу заманахь дуьйна шайн схьадог1уш долчу ламасте хьаьжжина, цхьана хазчу мог1арца х1аваэ довла кечлуш дара олхазарш. Царна юкъарчу цхьаммо инкарло йира, ца х1оьттира иза оцу мог1аре х1отта. Х1инцца 1уьйранна дуьнен чу яьлла шен к1орни йитина иза г1ура а дацара цхьана а метте. Цхьа доьзал санна кхиийначу олхазаршна хьалха х1оьттинарг атта киртиг яцара я уьш зуьйш хиллехь а... Олхазарш дика кхетара, т1ехоьрсуш йолчу шелоно къа ца хеташ шаьш к1елдуьтург хиларх. Амма, шайна юкъара олхазар а, цуьнан к1орни а йитина, царах къаста ца луш дехха 1ийра уьш. Къинхетаман хьажар бен, кхин шайх дагалаца х1ума а ца дуьтуш, къайлаелира х1аваэхь олхазарийн тоба. Шайн синош довдош... Ткъа хийрачу лаьтта т1ехь йисинарг шен доьзалхочух къаста лур йоцу миска нана яра-кх. Х1инца а, цигахь ша шен цхьаллица йисарх иза башха г1айг1ане а яцара. Тховса бен дуьне х1ун ду а кхета ца кхиийначу шен к1орнина дан амал цахиларна ойланах доьхнера и г1ийла олхазар. Адамаш д1асахьийза меттиг а яцара иза. Биъ некъ бекъало цхьа эвлайист яра. Дерриге а ойланехь луьстуш, т1аьххьарчу дегайовхоно д1атесира цуьнан дагчуьра чиркх богу х1усам. Шина т1омаца дикка д1акъевлира цо шен к1орни. Йовхо яра цо цунна луш ерг. Гуонахарчух кхета кхианза долу олхазаран к1орни даккхий б1аьргаш схьа а доьллуш хьалахьоьжура шен нене. Ткъа нана... хиндолчун чаккхе х1инцале а сино хьоьхуш санна, к1орнин юьхь-сибат гуттаренна а шен ойланехь дисийта хьаьжира. Иштта д1аделира дисина ах де а. Суьйренга лестира и де. Шело х1ора а м1аьргонца кхин а ч1ог1а мерса юьйлира. Х1ан-х1а, иза 1а дацара кху шина мисканна т1ег1ерташ дерг... Са г1орийна олхазар т1аьххьара хьаьжира шен к1орнега, дела а къежаш. Ша хьоьстуш санна дуьхьал деладелира олхазаран к1орни. Цунна ца хаьара шех х1инца къаьсташ дерг дуьнен чуьра шена уггаре а уллера са хилар. Иштта кхелхира олхазар... Цул т1аьхьа кхин а цхьана сахьтана яхъелира к1орнин оьмар... Цхьана сахьтана...

Просмотров: 37 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close