23:09
Луиза Исраилова

Рог1ера шийла 1а берта а далийна,
Б1аьсте, хьо тоьгуна дан хиъна 1а.
Массо а олхазар, мохь тухуш, кхайкхина,
Кечъелла хьайн духарш хьо декъа д1а.

Г1а-патарш мерзачу набарх а даьхна, 
Малхаца гергарло тасийта шайн, 
Массо а адаман самалхадаккха, 
Коьмаьрша хьайн куьйгаш ахь хьоькху дайн.

Аренаш, басеш а, д1о х1ора дукъ а,
Соьналлин мутт мийлош, долчул хаздан, 
Хьийзар хьан т1ах-аьлла мел товш а ду-кха,
Вайн латта беркатех хьайн 1абадан.

Шекъа а, басар а кхоийна ца 1аш,
Зазанех кечйина массо а беш,
Юха а ца 1ебаш, денош вайн дахдеш, 
Мел доггах хьийза хьо, тхо ирсе деш!

Просмотров: 31 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close