16:09
Мадина Халикова

 Дахаран халоно йожийча бертал,
Балано, тоьшшуьйтуш, тесича ког,
Тешаме доттаг1а, сан толам лехнарг,
Хьо бара, сан нанас 1амийна мотт!

Б1аьстенан эшаро яьккхича т1ома,
Жималло ца йойтуш дахаран чот,
Хьекъалан т1улг санна, сан деган 1омахь
Хьо бара бекна берг, сан ненан мотт!

Тхайн дендайн орамех къизалло хедош,
Хьомсарчу Даймахках хьегадеш дог,
Тхан ирсан орамна хьайн заза хоьцуш,
Хьо бара ницкъ белларг, тхан Нохчийн мотт!

Со йинчу лаьмнашкахь ирс т1ома даллалц,
Даима бекалахь, сан Ненан мотт!

Просмотров: 38 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close