19:20
Минцаев Альви


Сан ойланаш - чуьркаш... -
Сан ойланаш - чуьркаш,
шайн мохк лоьхуш тховса 
карзахъевлла цlийза,
сан наб а еш къийза.

Наб ю кlамдар хьаьдда
маlарш хьоькхуш шена
синтеман тай хаьдда
дlауьдуш сох гена.

Бlаьрг ца тухуш lа со
дегl меттах ца долу.
Сан ойланаш - чуьркаш,
кхин дlа тlома йовлу.

Беттан гонах хьийзий,
охьаховшу кlадлой,
Цхьаьнан аз схьахезий,
уьш дlайовлу мадлой. 

Просмотров: 41 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close