16:15
Минцаев Альви

 Вайна lиндагl латтийна дитт
кхузахь дара.
Со воьлуш, хьо къовзийна нитт
кхузахь бара. "Хьайна баккхий седа лохьа" -
аьлла хенаш,
Ахь соь хьалха дуьйцуш хилла 
хаза гlенаш,

кхузахь диси... Хlинца лаьтта
хlара меттиг,
хено кхунна, къа ца хеташ,
тоьхна метиг.

Дитт лаьттина меттиг лоьхуш,
lиндагl доьлху.
Нитт дlабаьлла, хьоь къинтlера 
ялар доьхуш... Хьайна баккхий лохьа аьлла
седа бац кхин,
гlенаш дац кхин,
хьо а яц кхин,
со а вац кхин...

Просмотров: 33 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close