21:34
Минцаев Альви

Харцоне... Со иччархо ву-кха хlинца,
цхьа бlаьрг хьаббош хьан дог лехна,
лаг озош бакъ дешан дlаьндарг,
цу хьан дагах тоха хьаьгнарг,

хьан бlаьргаш чу бохьуш кхерам,
хьох ца веллий жимма кхера
хоуьйтуш, хьан керта ваьлла
"хьо сан мостагl ю" - хьоь аьлларг... И ву-кха со, хьан къайленаш,
хьан гlайренаш гучуйохург.
И ву-кха со, ирсе хенаш,
и хьан гlенаш къайладохург.

Хьан некъ бохош, яйъа лар хьан,
чlагlo ю сан, дайъа къар хьан,
чlагlo ю сан, со мел веха,
ца дилла хьан тай, сайн меха.

Хlай, харцо, ахь дина рагlу
лаьтташ ма ду раз а даьлла,
лаьтташ ма ду, йоцуш агlо,
доьлхуш lарна аз а хаьлла.

Хьо ца йилхи-кх, ахь лелош дерг 
цкъа lад дуьтуш дохко яьлла.
Ахь ца дити-кх бакъонца дерг,
"хьо сол тоьлла хилла" аьлла.

Цундела хьан хам ца бо ас,
Хьо бlаьрга ян ма ца еза.
Хьох бузур бац цкъа а дуо ас,
- Хьо къаьхьалла, сан цабезам.

Просмотров: 11 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close