17:53
Муса Бексултанов "Йо1-Б1аьсте"

2018-чу шарахь Нохчийн Яздархойн союзехь арахецна Халкъан яздархочун Бексултанов Мусан "ЙОI-БIАЬСТЕ" цIе йолу дийцарийн гуллар.

 

Синхьааме совгIат

       Алиева Зарина,

РФ Яздархойн союзан декъашхо

«…цхьаъ-м хила деза моьттира цунна, цхьа хаза хIума, дика хIума, цхьа ша-шаха, туьйранахь санна, цкъа а дагахь ца хилла долу цхьа тамашийна доккха хIума…». Бексултанов Мусан хIара дийцарийн гулар «оцу тамашийначу доккхачу хIумнех», гIоза къайленех, «хазалло кхуллучу гIайгIанех», адамна ваха ницкъ лучу, са тIомадоккхучу, дагца ехачу бIаьстенах, уггар цIеначу, сирлачу синхаамех – безамах дуьйцуш ю.

Эзар шерашкахь, бIешерашкахь хьалха дуьйна, адамаш мел деха, муьлххачу а кхоллараллин – хуьлийла иза поэзи, музыка, суртдиллар, архитектура (безамо кхоьллина дукха архитектурни хIолламаш бу дуьнен чохь) – хьоста дукхахьолахь безам бу.

Безаман къайле яста, иза кхоллало некъаш, цуьнан дозанаш, хьоста мичхьара ду хаа гIерташ, цхьацца билгалонаш луьстуш, хIара я иштта хуьлу безам, бохуш, тайпа-тайпанчу синхаамашна цIераш тохкуш, безаман хила тарло аматаш дагардеш, ойланаш еш, кхоллаелла исбаьхьаллин кхолларалла ю хIара киншка. Исбаьхьаллин кхолларалла эзар шерашкахь яха юьсу, тIаьхьа тIедогIучу чкъурашна цхьацца некъаш хьоьхуш, васташ кхуллуш. Амма хIора керлачу замано шен-шен керла аматаш, васташ дохьу, керла Ромео а, Джульетта а кхуьу, тIаккха искусствос церан оьмар яхйо. 

Безам кхоллабала а тоьа цхьа мIаьрго, иза боха, атабала а – иштта мIаьрго. Безамо йийсаре лаьцначу синна хан ян а яц, хазаллех ца Iеба са санна, гондхьарниг – хан а, зама а, дуьне а дицлой, ирсах хьаьгначу ойланехь деха иза. Масала, «Дегабаам» дийцарехь турпалхочо шена йоI гина, езаелла, шен ойла цунах хьаьрчина йоца мIаьрго абаде кхаччалц яхйо: «КIира делира, я кхо бутт, я кхо шо, абаде, шуьша дуьххьара дистхиллалц, цIе хатталц, довзалц». 

КIантана ирсе хила геннара йоIах шен хьерча ойла тоьа, ирс цхьаьнца а декъа сих ца ло иза. 

ЙоьIан боьхна синхIоттам иштта гойту автора кхин совнаха дешнаш а ца далош: «…Iоьттича санна, сецна хьажар, бIарзделча санна, лацалуш…» – йоьIан дуьне духу, хазаллех дуьзна хилла дуьне. ХIунда, муха, маца – дала жоп дац. 

КIант йоIах ца кхета. 

Ларамаза долу цхьа хьажар, бен башха доцу цхьа дош тоьа дуьненах дог дилла, я дерриг дуьне, хьайн долуш санна, воккхавеш, ваха. Иза ю-кх безаман дуккхачех цхьаъ йолу сюжет: «Со дуьххьара, сайн дахарехь, сайн дахарехь дуьххьара – ца кхеташ санна кхийтира, йоьIан сих – безамо хьаьшначу сих – са кхуьуш, йоьIан сих дуьнен чохь цхьа а кхетта а я кхетар а воцийла цкъа а…». Кхета йишйоцчух кхета гIерташ кхоллалуш ю искусство.

«ГIала еса хIунда яц тахана?» – дийцар йоьIан, кIентан диалогех лаьтташ ду. КIентан ойланех а. Диалогаш йоца ю, амма яздархочо говза, цхьа маьIне йоцчу оцу диалогашца коьртаниг хьулдеш санна хета, оцу хьулдан гIертачунна тIеюгIу дешархочун ойла. Дерриг дийцар синхаамех дуьзна ду, дешархочунна и дийцар доьшуш, шен синхаамаш боьшуш санна хета, дахарехь доцург, амма хила луург. 

Бексултанов Мусан безаман темин хилла а ца Iаш, ерриг кхоллараллин коьрта ойла ю – ирс довзар, ирсанна тIебоьду некъ коьрта ларар, лехам коьрта хетар, карочул а: «Айса язъеш, ойла лаца гIерташ, лоьхуш хуьлу со ирсе, дийцар яздина ваьлча, чекхдолу дерриг, сатийсам кхачийча». Сатийсам – геннарчух, доцчух, хила хьаьгначух – кхоллараллин коьрта хьоста ду Бексултанов Мусан. 

«ЭхI, эшар хIунда Iена-кх» – иза элеги ю, безам бовзаран гIайгIанех юьззина элеги. Дуьххьара бевзинчу безаман синхаамо воккхахуьлуьйту кIант, дахарх кхиаво. КIентан кхиар ду дийцарехь коьрта – дахар ду йоьIан вастехь кIантана деллалуш шен маьIнашца: гондхьара Iалам, йоьIан сакъерадалар, цуьнан ловзар, дахарх йоккхаер, ирс лацадалале карарадалар,синкъерамо хуьйцучу гIайгIанах. Бексултановн турпалхой, Нодар Думбадзес ма-аллара, синхIоттамаш бу, дешархочун дийцар дешначул тIаьхьа кхоллалуш болу. «ЭхI, эшар хIунда Iена-кх» дийцарехь йоI – иза заза даьккхина, чIуг хьовзош, дахаран вастехь гайтина ю. ЙоI йол-йолчохь малх кхетта де ду, йоцчохь – текхна йоьду хан, догIанаш, дохк а долуш. ЙоI – иза тIома яьлла йоьдучу заманан васт ду, зама санна, гуттар едда-хьаьдда, аьрха, кхийсалуш, тIаьхьахьажа кхиале, сихха дIайовш, дерриг дуьне шеца долуш, дерриг цунна цхьанна гондхьа. Юха и «эшар» – дахарх кхоллалуш йолу дуьххьара гIайгIа йовзаран эшар ю, кIентан дагах чекхъюьйлуш: «седарчашна юккъехула, бода цоьстуш, лоьлхуьйтуш, доIа чIехкаш санна….сел гIайгIане хIунда хьаьвза-кх, тем бойуш, синкарзахе, кху лаьмнийн даккъашкахула, гу лакхе, даг чухула….» – синхаамийн симфони: деган цхьалла, дахарх кхиар, дахар кхин дуй хаар, хьуна моьттинарг, ахь хьайна кхоьллинарг а доцуш. Оцу ойланийн галморзахаллаша адамийн амалш кхуллу, адам кхиадо: «Юрт, урам, бералла», «Басмин коч» дийцарш а ду дуьххьарчу безамах. 

ХIара гулар вовшахтухуш, чIогIа хала дара безамах долу дийцарш харжа. ХIунда аьлча, Мусан ерриг кхолларалла схьаэцча, цхьа масех бен дийцар дац цуьнан безам хьахош доцуш. Дийцаран коьрта тема кхин елахь а, безаман цхьа дакъа доцуш цхьа дийцар хир дац цуьнан. Амма и безам буьйцуш долу «дакъа» маьIне хуьлу, дерриг дийцаран меха. Мусана карочу исбаьхьаллин басарша, цунна гайта ницкъ кхочучу оцу синхааман йозалла дешархочунна даима дагахь юьсу. Масала, «Буо» дийцар стеган цхьаллех ду, зама йоцчу заманахь стеган сий хьалхадаьккхина, маршо, яхь, юьхь бохучу синмехаллашца ваха гIертачу стагах. Билггалчу цхьана заманахь турпалхочун юкъараллица болчу Iоттабаккхамех. Амма Овтархан Юсупан а, Масаран а безам дийцаран идеялла коьрта а хуьлий, дIахIутту. Масара Юсупах аьлла дешнаш дагахь дуьсу: «Къонахчуьнга яха ца яхча а, яла яха мегар дара». Къонахчуьнца яьккхина цхьа мIаьрго а тоьа зудчунна шен дерриг дахар чулацамах дуза. Иштта ю «Iаьржа бIаьрг» дийцаран турпалхо Резет. Iаьзим веллачул тIаьхьа а, цунах дог ца дуьллуш, цуьнан дуьхьа, цунах йолчу ойланашца шен дахар дузуш еха иза. Иштта ТоргIин хIусамнана Баччал а, ТоргIа вийначул тIаьхьа, ялтех мотт ца тухуш, ткъе цхьайтта де даьллачул тIаьхьа мацалла ле. Нохчийн зудчун васт ду Мусас оцу турпалхошца кхуллуш, къонахчун мах хадош ерг зуда юйла гойтуш.

 «ТIом кхин цхьаъ тIаьхьа хиллера» цIе йолчу дийцарехь Нохчийчохь хиллачу тIаьххьарчу шина тIамо хIаллакбина кегийрхойн кхоллам бу гойтуш, сирла кхане кхолла гIерташ, нохчийн идеян буха тIехь, шайн дешар а, хаарш а нохчийн культура лакхаяккхарехьа тIедерзийна, вайн къам дуьненна а довзийта лаам болуш, сирла ойланаш йолуш кегий нах бу дийцаран турпалхой. Шина турпалхочун кхолламехула гайтина яздархочо къоман бохам. Амма безам бохамал а, тIамел а тулу, хазалло эрчалла эшайо. ТIом балале, турпалхой ирсе хиллачу суьртахь го вайна можа патарш – кIанта йоIана гулдеш долу. Юха цул тIаьхьа, турпалхой вовшах къаьстича, тIеман херцарашна юккъехь, массо хIума доьхна атаделла, догдаха кхин хIумма а ца дуьсуш, турпалхойн кхолламехь ерза а лур юй аьлла хета лазаме чов Iийжа. Амма вайна го можа патарш – безаман цхьа хьаьрк ю иза. ЙоIа ша шена гулдеш хуьлу уьш, цкъа мацах ша ирсе хиллачу меттехь, охьадехкина дуьтуш – иза сатийсам бу йоIан даг чохь бехаш, дегI цIаро чахчийнехь а, са дийна дисина цуьнан: «Суна дагадеара, иза шайн дагийначу цIенна гонаха масийттаза сайна гар, даим тхойша Iийначу гIантах йисинчу бетона тIехь Iаш со а волуш. Цуьнан буйнахь гуттар а патарш хуьлуш хилар а дагадеара суна, хиъна Iачу суна дIанехьо цо уьш лехьадар дага а догIуш. Цкъа, цIен тIийриг а хьарчийна, со хуучу бетона тIехь патарийн курс а гира суна, айса иштта можа патарш Ирмина луш хилар дагахь латтар дага а догIуш, бетона тIехь патарш гича». Безамо муьлххачу бохамах Iалашдо са, гIо до дийна диса, халонаш эшо.

Бексултанов Мусан цхьана турпалхочо олу: «Дуьненан хазалла шина стеган вовшашца йолу марзо ю хьуна». Адам дуьнен чохь мел деха безаман тема кхачо йиш яц, иза уггар сирла синхаам бу дахар къагош, къинхетам, догцIеналла яржош. 

ХIора заманахь хир бу шен-шен Ромео а, Джульеттий, Тристан, Изольдий, Юсуп, Масар, Iаьзим, Резет а, вайна масална баха буьсур бу уьш вайн ойланехь. 

Бексултанов Муса, цхьа а шеко йоцуш, дика яздархо а, художник а ву. Прозаик велахь а, поэтически дуьненанхьежам болуш ву Муса, цундела хуьлу цуьнан васташ синхааме, са тIома долуш, айделла, дахарел лекха, вайн, дешархойн ойланаш а лакхайохуш.

Мусан произведенеш уггар дукха йоьшучарех а ю. ХIунда ю аьлла, ойлайича, Мусас вайн, адамийн, дагахь дерг яздо, вай цхьаьнгга а дийца йишйоцург, вай вешан дагахь хьулдешдерг, нахаладаларна кхоьруш, къайленехь кхобуш дерг. Вайн ойланийн, синхаамийн художник ву иза, цундела ву хIора дешархочунна иштта гергара а, вайн ерриг гIайгIа луьстуш, даг тIе некъ лоьхуш, шен ойланех цо вайна синхьааме совгIат дарна…

Просмотров: 48 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close