13:57
Нохчийн меттан де

Ассаламу Iалайкум!

Тахана вайн къоман уггаре а дезачех цхьа де ду - Нохчийн меттан де. Суна сайн ц1арах а, нохчийн яздархойн ц1арах а х1окху дезачу денца даггара декъалван лаьа вайн къомана х1ара совг1ат дина волу вайн Мехкан Куьйгалхо, Россин турпалхо Ахьмад-Хьаьжин Рамзан @za_kadyrova_95eng , иштта берриге а нохчий а. Везачу Дала нохчаллех ца духуш, вайн меттан а, вайн мехкан а дай хилла, вайн Паччахьна тешаме накъостий хилла, вайн дайша вайна йитина хазнаш ларъян пурба лойла вайна.

Вайн маттаца доьзна ду вайн къоман ирсе дахар. Нохчийн къоман синхазнаш вайн маттаца ехаш ю. Вайн мотт ларбеш, вайн т1екхуьу т1аьхье къахьега а 1амош, хьаналчу дахаре марзъяхь, вайн кхане ирсе хир ю. Нохчийн мотт кхиорехь 1аламат дукха къахьегна нохчийн яздархоша а, 1илманчаша а, хьехархоша а, цунах дог мел лозучара а. Цара вайн къоман дахарехь йитина йолу хазнаш исбаьхьа а, еза а ю.

Везачу Дала т1ейог1у хан кхин а беркате йоуьйтийла вайна! Дала ирсе дахар хуьлийтийла вайн къоман даиманна а. Дала х1ара дуьне мел лаьтта нохчийн къам а, нохчийн мотт а бахабойла! Дала сий дойла нохчийн къоман массо а заманашкахь!

Ларамца, НР Яздархойн союзан председатель
Ибрагимовг1еран Хьамзатан Канта

Просмотров: 46 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close