17:22
Оспанов Къосум, "Iожаллин IиндагIехь"

2010-чу шарахь Нохчийн Яздархойн союзехь арахецна поэтан Оспанов Къосуман "Iожаллин IиндагIехь" цIе йолу байтийн гуллар. 

       "Iожаллин IиндагIехь" цIе йолчу байтийн гулларехь нохчийн поэта Оспанов Къосума дагалоьцу ХХ-чу бIешеран луьра даьхкина 90-гIа шераш.
       Къоман халачу а, чолхечу а иэсах, исторех шен дуьнене болчу хьежамашца а, синхаамашца а даре деш санна хета автора шен байташкахь.
    Шен кхоллараллехь цо кIорггера хьал довзарца, исбаьхьачу меттан гIирсашца, семачу синхаамехь дуьйцу Советан Iедал доьхначул тIаьхьа Нохчийчохь хIоьттинчу айпе хьолах, нохчийн халкъан бехк-гуьнахь доцуш чубеанчу къизачу тIамах, хиллачу зенах.

 

   

НОХЧИЧОЬНЕ

Хьаббинчу бIаьргашца цIерга
Кхийсалуш массарел хьалха,
Бекхамна хьекхаеш цергаш,
Хьан вонна хIоттийна балхам,
Нохчийчоь, ас хьо ца хьоьсту!

Элладин бIарлагIаш йостий,
ЧIагIонна дуй буий шалха,
Сан ненан мотт санна, оьзда
Хьан стиглахь керчачу малхах,
Нохчийчоь, ас хьо ца хьоьсту!

Хьан некъан некъа тIе вала
И малх бен кхин магац къилба.
Стогаллин собаре амал
Iуьйренех таръеш Олимпан,
Нохчийчоь, ас хьо ца хьоьсту!

Дуьненах дисина доь ган.
Лаьмнаша кхиийна маршо
ВорхIе а дегара соьга
Йоьссинчохь, хин кисех хьарчо,
Нохчийчоь, ас хьо ца хьоьсту!

Ас юу, йотту хьо, кхорзу,
ЦIий муьйлу, ца хоьттуш хьенан?..
Юха а хьуна тIевоьрзу,
Хьо йоцуш со воцу дела,
Ца хилча ца мега дела!

***

Ас дуьтур дара хи, туьха,
Декхараш, дехараш, дахар -
Юха а сайн цхьаннан дуьхьа
Сайн деган цIарца цIе хьаха.

Ас дуьтур дара неIсагIа,
Бар-баьчча баьккхина лазам,
Ойлано ваьккхина бIагIар,
Ца дуьтуш цхьатайпа масал.

Маршоне кхийдина тIамарш
Лийчина паналлин цинцаш,
Ас юьтур яра хан-зама,
Цул диканиг сайна хилча.

1989 шо

​***

Чилланца дуьйцина энаш
Букарчу баккъех хьерча.
Сенделла сийсина пхенаш
Акхачу айгIарех терса.

Узарш деш, бIагоре латта,
Стигла, тIехарца кечъелла...
Кагъяла сеттина - АллахI! -
Йиъ гIортор, и мохь базбелла.

Хин киса тилделла кхерста,
ХIиттаеш бIарлагIе бIаьвнаш...
Дуй буу, юха ца верза,
Цкъа шух бIаьрг тоххалца, лаьмнаш!

***

ХIун пайда бу, гIертарх хила
Наж-дукъах Лечанан берд?
Нанна – со гуттар а жима,
Нанна – со гуттар а бер.

Бералла – тай меха таса
Баба соь кхайкхина хан.
Бералла – ас Шовхал-басахь,
ГIишлош еш, ловзийна чан.

Бералла – бенна деш дола,
Со Iехо тIам бойна лекъ.
Бералла – уьн тIе ишколан
ГIойл дехьа ас бина некъ.

Бералла – берзина когаш,
ТогIичохь лехьийна тхиш.
Ир-кара хIиттийна буо-гIаш.
ЖаIуьнан самукъне йиш.

Бералла – зезагаш бIаьста –
Цхьаъ бен ца даьккхира ас,
Вигча со сай-бодий къаьсташ,
Кол-леча ваьккхина дас.

Оспанов Къосам гоьваьлла нохчийн байтанча ву. 1960-чу шеран лахьан-беттан 7-чу дийнахь Хьалха-Мартанан кIоштарчу СаIди-КIотарахь дуьнен чу ваьлла ву Оспанов Къосам. Цуьнан 17 шо кхачале Хьалха-Мартан кIоштан газетехь зорбане йийлина поэтан дуьххьарлера байташ. 1977-чу шарахь ваьлла иза СаIди-КIотарара юккъера школа чекхъяьккхина. 1979-чу шарахь эскаре гIуллакх дан ваххалц оццу школехь хьехархочун болх бина. Эскарера цIавирзинчул тIаьхьа а масех шарахь шайн юьртарчу юккъерчу школехь хьехархочун болх бина. Ткъа 1983-чу шарахь кхолламо Урале кхачаво байтанча. Магнитогорскехь чекхйоккху цо хьехархойн институт а. 1991-чу шарахь Уралера цIавоьрзу Оспанов Къосум. ХIетахь дуьйна Нохчийчохь зорбане мел долучу газетехь а, журналехь а луьста гучаюьйлу шатайпачу башхаллица къеста цуьнан байташ. Цу муьрехь зорбане дуьйлуш хиллачу «Маьлх-Аьзни» журнале балха хIутту къона поэт. Кхоллараллин гергарло тасало цуьнан «СтелаIад», «Вайнах», «Орга» цIе йолчу журналашца. Оцу журналийн агIонаш тIехь кест-кеста зорбане юьйлу Къосуман чулацаме байташ. Уьш билгалъюьйлу авторна кIорггера ненан мотт хууш хиларца, цуьнан хьалхарчу хьаьркаца дешархо цецвоккхий, чекхъяллалц байт еша сакIамдеш, йийсарехь латторца.

 

 

Просмотров: 39 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close