11:49
Поэтан 80 шо кхачар

                                                                                                                                                                 автор Ирисханов Имран

 

Юсупов 1азим

Поэтан 80 шо кхачар

 

20 февралехь нохчийн Айдамировн ц1арах йолчу къоман библиотекехь нохчийн яздархо, поэт, журналист волчу Юсупов 1азиман 80 шо кхачар даздира. Шен 1азиман цхьаьнакхетаре вог1ийла ца хилира – цомгуш волун дела.

Делахь а библиотекин къоман отделан белхахоша Духаева Яхитас, Витаева Имана д1адаьхьира и мехала даздар.

Соьлжа-Г1алин 60-номер йолчу ишколан лакхарчу классийн дешархой а, хьехархой а бара цхьаьнакхетаре баьхкина. Кхуза кхайкхина вара Яздархойн союзан коьрта редактор Ирисханов 1имран а.

Шена Юсупов 1азим а, цуьнан кхолларалла йовзаре терра, яздархочо гулбелчарна дийцира:

- Нохчийн яздархо, журналист, поэт Юсупов дуьнен т1е ваьлла 1940 шарахь, 20 февралехь, нохчийн ширачу юьртахь – Девкар-эвлахь.

К1ентан 4 шо долуш нохчийн халкъ ц1ера доккхуш, церан доьзал Къирг1азойн махкарчу Сталинан к1оштахь хиллачу Крупское юьрта хьажийра. Шайн къомо санна, бала, цамгарш, мацалла 1евшира Юсуповг1ара а, бисинчара болх бора, деша а доьшура. 1957-чу шарахь бакъо яьлча шайн юьрта – Девкар-эвла юхабирзира и доьзал.

1959-1963-чу шерашкахь Юсуповс Советски эскарехь г1уллакх дира. Ц1авирзича, 1967-1972-чу шерашкахь Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойн институтехь, филологин факультетехь дийшира.

Цул т1ахьа, нохчийн маттахь арадолучу «Ленинан некъ» газетехь корреспондентан болх бира.

Журналист, поэт волчу Юсуповс Нохч-Г1алг1айн гуманитарни 1илманан талламан институтехь лакхара 1илманан белхахо волуш болх бира, т1аьхьарчу хенахь Нохчийн пачхьалкхан филармонехь къахьийгира цо.

Цуьнан исбаьхьаллин литературе болу безам жима волуш дуьйна кхоллабелла. «Ленинан некъ», «Ильичан весеташ», «Орга» альманахехь зорбане юьйлура цуьнан говзарш, цул сов, байташ араевлира къоначу яздархойн юкъарчу ворх1 гуларехь.

2004 шарахь автора шен «Теркаца суьйре» ц1е йолу нохчийн иллеш, эшарш т1ехь долу гулар арахийцира. Кхин д1а а йоккхачу говзаллица, шен пох1маллех пайда а оьцуш, къахьоьгу яздархочо.

2005-чу шарахь «Туррий, пондаррий» гулар зорбане йолу цуьнан. Нохчийн историн цхьацца аг1онаш схьайоьллу оцу жайни т1ехь, т1ехдика гочдархо Юсупов хилар а гучудолу, цкъа а зорбанехь хилла йоцу историн аг1онаш ю киншкина т1ехь.

Генарчу Россера веанчу оьрсийн эпсарца – яздархочуьнца Толстой Л.Н. доттаг1алла лелор, цунна тешаме хилар, цуьнан сий, дахар нохчоша Месербиев Садос лардар гучудоккху Юсупов 1азима шен говзаршкахь.

Яздархочо дукха къахьоьгу керла киншка язъеш. 2013-чу шарахь зорбане йолу «Син мерзийн мукъамаш» ц1е йолу иллийн, эшарийн гулар.

Байташкахь язйина историн роман ю Даймохкан исторех автора 2014-чу шарахь араяьккхина. Кавказан т1ом болуш хиллачу къизаллех – Дадин-юрт а, кхийолу нохчийн ярташ йохорах дуьйцу цо.

Яздархочо, поэта, журналиста Юсупов 1азима нохчийн литературехь бинарг инзаре боккха болх бу.

Цо говзачу маттаца, к1орггера маь1на а долуш ешархошна йовзийтина хьалха цкъа а зорбане йовланза историн аг1онаш. Доккха пох1ма долуш, халкъана а, махкана а хьанала волу ц1еяххана яздархо ву Юсупов 1азим, - иштта шен къамел чекхдаьккхира Ирисханов 1имрана.

Цул т1аьхьа 60-чу Соьлжа-Г1аларчу ишколан дешархоша Юсупов 1азиман байташ йоьшуш, хаттаршна жоьпаш а луш чекхделира и пайден цхьаьнакхетар.

          

Просмотров: 97 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close