18:46
Расумов Ваха

НОХЧИЙН МЕТТАН БАРКАЛЛА

 
Баркалла олу ас яханчу заманна, 
Iилманчашна, поэташна, халкъана, 
ТIехIиттарх халонаш, со дIа ца тосуш, 
Ларбарна аша со,барна кхоьруш. 
Баркалла олу ас доьзалан нанна,
Соьца бер тедеш ага техкорна. 
Баркалла олу ас нохчийн къомана, 
Нохчалла хьайн соьца чIагIъярна! 
Даггара ца кIордош баркалла шуна: 
Эльжаркъан Таьштамар, Дудин Халид…
Язолган гIоьнца, сан куц-кеп а лехна,
Кхане хилийта, йоза кхолларна! 
Баркалла, лараме Ахьмадан Рамзан!
Баркалла, яхь йолу, нохчийн къонах!
Де эшначу дийнахь, со баьрче боккхуш,
Оханан баттахь сан де къасторна! 
Даггара баркалла, кегийрхой, шуна,
Кхечу меттанех со ца хийцарна!
Даггара баркалла, Нохчийчоь, хьуна, 
Къоман башхалла соьца йозарна!

Просмотров: 41 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close