09:57
Ш. Арсанукаев

Хьо яре хьоьжуш, со лаьттира.

Лаьттира...

Хьо ларъеш даьккхира

Ас дийнна сахьт.

Хьо дагахь, и деха,

Сов деха сахьт

Токхуш, ас хьох хьерча

Ойланаш литтира.

Ткъа оццу заманчохь,

И сахьт чекхдалале,

Дуьненчу делира

Эзар а бер,

Хилира эзар а

Валар я вер...

Сo-м хьоьжуш лаьттира,

Цхьана хьан бала ловш...

Просмотров: 25 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close