17:29
Сулаев Мохьмадан 100 шо кхачар

Юбилей

ШЕН МАХКАХЬ ИРС  КАРИЙНАРГ

(Нохчийн поэт Сулаев Мохьмад вина I00 шо кхачарна лерина)

ХХ-чу бIешеран 60-чу шерийн юккъехь дара Нохч-ГIалгIайн хьакъволчу артистан Магомедов Султанан репертуарехь, иллиалархочо ша мукъам,зевнечу озаца дIаолуш «Уггаре а хаза зезаг» цIе йолу илли гучудаьлча. Дешнийн автор мила ву хаале, сихонца ладогIархойн дегнашка дIакхаьчна халкъан илли хилира цунах, массарна чIогIа дукхадезаш. Кест-кеста радиоэфирехь хезара иза, школан лакхарчу классийн Iамархойн суьйренашкахь самукъадаларца кхочуш деш дара. Къаьсттина мехкаршна хазахеташ дара.

Дийххира ахь, лаха аьлла,
Уггаре а хаза зезаг:
Уггаре а хаза зезаг,
Лийхира ас араваьлла.
Мел лехарх а, ца карийра
Уггаре а хаза зезаг…
Уггаре а хаза зезаг
Ца карийча, дог дегийра.
Амма, юха хьо ма-гиннехь,
Схьакарийра хаза зезаг:
Уггаре а хаза зезаг
Хьо ду, хьо ду кху дуьненахь…

И илли бахьана долуш цу муьрехь дуьнен тIе девллачу дукхах долчу зудберашна ЗЕЗАГ цIе тиллар ламасте дерзийра вайн махкахоша. ТIаьхьо билгала делира «Уггаре а хаза зезаг» иллин дешнийн автор гIараваьлла вевза нохчийн поэт Сулаев Мохьмад хилар. Лакхахь вай хьаьхийна долу «Уггаре а хаза зезаг» цIе йолу илли доцург а цуьнан дешнаштIехь Iаламат дукха говзарш хиллера вайн махкарчу тоьллачу  артисташа мукъаме ерзийна. РСФСР-н халкъан артистан Дагаев Валидан а, РСФСР-н хьакъйолчу артистан Айдамирова Маьяман а репертуарехь кIеззиг дацара Сулаев Мохьмада дешнаштIехь даьхна иллеш а, эшарш а. ЛадогIархошна дукхаезаш музыкальни говзарш яра уьш. Заманан йохалла шайн мехалла ца йовш таханене схьакхаьчна. Сулаев Мохьмадан дешнаш тIехь даьхна дукхах долу иллеш, вайн иллиалархойн къоначу чкъуро шайн репертуаре схьаэцна говзаллин лаккхарчу тIегIанехь кхочуш деш ду. Цунна къеггина тоьшалла ду Нохчийн Республикин хьакъволчу артиста  Хасанов Тимир-Булата кхочуш деш долу «Ялахьа орцах» цIе йолу илли.

Бузучу малхаца дарин бос эцна,
Малхбузе йогийца, стиглах цIе яьлла,
Оьздачу безамца дагчу нур хецна,
Хьан амат догийца-малхах схьадаьлла!
Маьлхан хIоз чукерчи, буьйса тIейоьхуш,-
Дуьненна тIехаьрци стигланан бога…
Эзарне седаршка гIо эрна доьхуш,
Дог, хьоьга сатуьйсуш, цIе яьлла, догу…

                                                ЮЬХЬ

Сулаев Мохьмад вина I920-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 20-чу дийнахь Хьалха-Мартанан кIоштана юкъайогIучу нохчийн ширачу юьртахь-ГIойтIахь. Советийн Iедал тIедале ГIойтIахь а, Хьалха-МартантIехь, луларчу къаьмнийн мехкахкахь ашайн долахь туькнаш йолуш, дика таро йолуш, Нохчийчохь вевзаш стаг хилла Мохьмадан да-Абу а. Йохка-эцарца доьзначу гIуллакхаша кест-кеста гуьржийн, гIажарийн (азербайджан)  махка кхачош хила иза. Сулаев Абуна дика вевзаш хилла схьаваларан орамаш нохчийчуьра долу азербайджанийн композитор Магомаев Iабдул-Муслим. Цуьнца уллера гергарло лелош хилла Абус. Iабдул-Муслимана чIогIа хазахеташ хилла иза ша волчу кхаьччи.  Самукъадаларца хьошалла дой, тIелоцуш хилла. Амма коммунисташ Iедале бахкаро шайн бахамах бохийна СулаевгIар, кулакаш бу аьлла сийсаз бохуш. Цундела ГIойтIахь Iар-вахар кIеззиг хилла Мохьмадан.  Советийн Iедалан къизаллех ларлуш и шен ворхIе да ваьхна ГIойтIа дIатесна, Соьлжа-ГIала охьадеана Абу а, цуьнан хIусамнана Роза а, шайн доьзал балош. Пхи бер хилла церан ши кIант, кхо йоI. Мохмадал воккха хилла цуьнан ваша Махьмуд. Бакъду дешар тайп-тайпанчу школашкахь нисделла СулаевгIеран берийн. Масала юьхьанцара классашкахь Соьлжа-ГIаларчу №I6 йолчу школехь доьшуш хилла Мохьмад. ТIаккха Iалхан-юьрта кхаьчна иза. Эххар а Энахишкахь (Серноводское) ворхI класс чекхъяьккхина, I933-чу шарахь Бакохарчу рабфаке деша вахана кхиина вогIу Сулаев Мохьмад. Де доттагIчо Магомаев Iабдул-Муслима лерина терго, Iуналла деш хила кIантана. Iаламат боккхачу кхиамца шина шарахь рабфак чекхъяьккхина Сулаев Мохьмад ваьлча, Бакохарчу лоьрийн институте деша дIатасавала гIо-накъосталла дина вайн къоначу махкахочунна ден доттагIчо.Генна дIагIура долуш гергарло дара СулаевгIарна, МагомаевгIарна юкъахь дерг. Амма ХХ-чу бIешеран 30-чу шерашкахь бохамийн бода баржош къинхетамза хьийзанчу НКВД-н йовсарша хIаллакво Сулаев Мохьмадан да-Абу. Иштта ГIебарта-Балкхаройн коьртачу шахьарахь I937-чу шеран…дIаволу Магомаев Iабдул-Муслим а.
      Азербайджанийн махкахь доьшуш волуш, I6 шо кхачале язйо Сулаев Мохьмада шен дуьхьарлера байт. Иза сил дукхабезачу Даймахках ю. I936-чу шарахь сил дукхабезачу даймахках язйина ю Сулаев Мохьмадан «Нохчийчоь» цIе йолу байт а.

Сан Нохчийчоь, сан нохчийн мохк,
Хьо хета  тIеттIа хьоме дагна.
Ша винчу мехкан сийна дохк
Ду нехан малхал стагна хьоме.
Хьан хазаллех ду даккхийдеш,
Тахана барт цхьаъ хилла къаьмнаш,
Хьан стогаллех шаьш тамаш беш,
Цецдевлла лаьтта къоьжа лаьмнаш…

Азербайджанера лоьрийн институт чекхъяьккхина Сулаев Мохьмад волуш  вара  Сулаев Мохьмад I94I-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь немцойн фашисташа ямартлонца СССР-на тIелатар дина Сийлахь Боккха Даймехкан тIом дIаболалуш. Мел чIогIа ваха лууш хьовзарх, бераллехь дуьйна бIаьрса ледара долу вайн турпалхо тIеман ара ца вахийтира. Цул совнаха тIом дIаболабелла дукха хан ялале  чевнаш хилла ЦIечу эскаран бIаьхой тIелацийта лерина Соьлжа-ГIалахь а тIеман лазартни (госпиталь) схьайиллира. Цигахь болх беш ехира нохчийн сийлахьчу поэта Сулаев Мохьмада шен хьаналчу къинхьегаман хьалхара гIулчаш. Шарахь сов Соьлжа-ГIаларчу тIеман госпиталехь болх бина поэт Итон-кхаьлларчу кIоштан больнице хьажийра коьртачу лоьран даржехь болх бан. ЦIеначу даггара, лазаро йийсаре лаьцначу адамашна гIо-накъосталла дан лууш, де-буьйса ца лоьруш къахьегарца шен цIе дIаяхийтира нохчийн къоьжачу лаьмнашкахь къоначу лоьро. Мел генара дархо валавора цунна тIе, кхуьнан дарбанечу куьгаша гIоле яре сатесна. Мичча хена а и дархо шена тIекхачаварх, цкъа а «хIахIа» аьлла дац доза доцуш даима деган комаьршалла хиллачу Сулаев Мохьмада.
    Бакъду, гуобаьккхина кхехкаш буьрса тIом болуш белхан хьелаш мел луьра хиллехь а, литературица долу герагарло дIацатесира цо. I942-чу шарахь Сталинградан йистошкахь къинхетамза кхихкинчу буьрсачу тIамехь вайн къона махкахо, нохчийн яхь йолу кIант  Нурадилов Ханпаша турпала воьжча  язйина ю поэтан дуьххьарлера йоккха говзар. Поэмин цIе ю «Малх тоьлур бу». Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин доьналла, майралла, цо гайтина доза доцу бIаьхаллин хьуьнар хестош язйина ю Сулаев Мохьмадан  башха говзар I943-чу шеран юьххьехь.

Фашисташ! Мокха кучааш!
                                    Iаьржа дегнаш!
ТIаьххьара шаьш далале аьлла,
Шу тохаделла,
                          карзахдевлла.
Вонна
             нуьйр тиллина,
И шайна дин хаьржина,
Дуьненахь
                 и хоьхкуш хьийза,
Доцчу вон кхачо гIерташ,-
Шу хIиттинчохь
                          латта цIийза!..
Шу шайн,
               историна девзаш
                                             тайпа ду,
Шу  ду и-
                     дика ца ловчийн
                                                  хIу!.. 

Нурадилов Ханпашина лерина язйиначу «Малх тоьлур бу» поэмитIера дIаволалой хаддаза сийлахьчу Даймахках а, цуьнан яхь йолчу кIентех, ЦIечу эскаран бIаьхойх байташ язъеш схьавогIу Сулаев Мохьмад. Уьш кест-кеста зорбане йовлу вайн махкахь зорбане долуш хиллачу  «Ленинан некъ», «Ленинхо» цIе йолчу  газетийнн агIонаштIехь. Нохч-ГIалгIайн литературин гуонашкахь вевза  къона поэт. Цуьнан цIе дIайоьду, поэтан керлачу говзаршка сатесна хуьлу газетдешархой. I943-чу шарахь дуьйна СССР- яздархойн цхьанакхетараллин декъашхо вара Сулаев Мохьмад.
          Амма цо мел  чIогIа дика лоралла лелинехь а, кавказан къоьжа лаьмнаш цецдохуш  фашистех летачу турпалхойх  зевне байташ яьхнехь а, дерриге а нохчийн халкъана санна, цунна деана схьакхечира къинхетамза, шен инзаречу къизаллица цIевзина I944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-гIа шийла де. Махкаха даьккхира нохчийн къам. Генарчу Юккъерачу Азехь дай баьхначу лаьттах хьоьгуш кхойтта шо даьккхира нохчийн поэта. Казахстанерачу Джамбул гIалин йистошца дIатарбелла бара цхьана СулаевгIар. Сталинан хьадалчаша махках баьхначу нохчашна дIасабовла мела паргIато яьлча Джамбулерачу цхьана больницехь терапевтан болх  а бира нохчийн поэта. Даймахках ваьккхинехь  а шен  халкъе, махке болу ховха безам Сулаев Мохьмадан дагчуьра дIа ца баккхабелира НКВД-н йовсаршка. Нохчийн исбаьхьчу лаьмнаша кхиина нуьцкъала амал кагъцаелира. Поэтан зевне аз а ца лакъаделира. I955-чу шеран асаран (июнь) беттан I-чу дийнахь нохчийн маттахь зорбане даьллачу «Къинхьегаман байракх» газетан агIо серлаяьккхина яра поэтан зевне байташ.

ХIей, маса олхазар,
хьо стенга доьду?
Сайн Нохчийчу кхачар
Ас хьоьга доьху!
ХIун бахам бу кхехкаш,
Ас доьху, хьажалахь,
Со винчу даймехкан
Стигланан кIелахь!
Ткъа цхьанна хьо цигахь
Диц а ма лолахь:
Маршалла цуьнга ахь
Соьгара дIалолахь…

                                     ДАЙ БАЬХНАЧУ ЛАЬТТА ТIЕХЬ

Нохчийн къоман дукхах болу векалш санна, I957-чу шеран хаза еанчу бIаьстенан юьххьехь дай баьхначу лаьтта тIе цIавирзира Сулаев Мохьмад а. Хаддаза байташ язъяр шен  дегахьаам лоьрура цо. Цундела цкъа а йиццайора Бакохахь караерзийна лоьрийн корматалла. ДIакхаьчначохь шен говзаллица хьанала къахьега лууш хуьлура иза. Iедалан Iаьржачу ницкъаша къизачу Iазапе лаьцна кхойтта шарахь хьегийначу дай баьхначу лаьтта тIе кхаьччи-м муххале а жигара белира и лаам. Цкъа мацах  даггара безаш караберзийна лоьрийн болх бан дIавахара иза, хийрачу махкара цIавирзина масех де а далале. I958-чу шарахь балхатIехь алссам зеделларг долу лор Сулаев Мохьмад Нохч-ГIалгIайн Республикин унах цIоналла яржочу туьшан (Дом санитарного просвещения) коьрта лор хIоттийра. Шена тIедехкина декхарш Iаламат дика кхочуш деш схьавогIу поэт, кхуьнан хьуьнар девзиначу мехкан  куьйгалло, Хьалха-МартантIерачу кIоштан больнице коьрта лор хьажийра I96I-чу шарахь. Уггаре а халчу хенахь, Хьалха-Мартанан кIоштарчу мискачу адамийн а, тIекхуьучу чкъуран а могшалла  Iалашъян болчу лаамца дукха къахьегна стаг ву Сулаев Мохьмад. КIошт йоккха яра, цунна юкъайогIуш иттеха юрт яра. Амма хьуьнаре лор, зама хала юй хууш, хийрачу махкара цIадирзинчу адамийн могшалла Iаламат ледара юй хууш, хIора юьрта кхочура, цигара фельдшерийн пунткташ даима шен семачу тергонехь латтайора. Коьрта лор вара аьлла, цхьана кепара куралла йоцуш, дархошца кIеда-мерза, мичча хенахь а, гIо-накъосталла оьшучунна орцанца гIатта киийча волуш, ворхIе дех дисинчу нохчийн къоман оьздачу  гIиллакхийн гурашкахь чекхваьлла стаг ву вайн турпалхо Хьалха-МартантIерачу кIоштан больницехь коьртачу лоьран даржехь болх беш. Цундела дисина цуьнан сирла амат хьовсархойн дегнашкахь.
  I964-чу шарахь юха а Нохч-ГIалгIайн Республикин унах цIоналла яржочу туьшан коьртачу лоьран дарже схьавалаво Сулаев Мохьмад. Малх кхетачу дуьненахь азаллехь язйина шен оьмар хаддалц оцу даржехь болх а бо цо.
    Газетийн а, журналийн а агIонаштIехь кест-кеста Сулаев Мохьмадан байташ зорбане йовлуш хиллехь а, I957-чу хийрачу махкара вайнах цIаберзалц, шен долахь книга араяьлла яц СССР-н яздархойн цхьанакхетараллин I943-чу шарахь дуьйна декъашхо хиллачу Сулаев Мохьмадан. Дай баьхначу лаьтта тIехь дIа мел боккху ког а Iаламат беркате нисло похIмечу поэтан. Цуьнан зевне говзарш сих-сиха зорбане юьйлу «Ленинан некъ» газетан агIонаштIехь а, «Орга» альманахан агIонаштIехь. Шатайпайчу башхаллица къеста поэтан тамехьа аз  хаза долало радиоэфирехь а. Дай баьхначу лаьтта тIе цIаверза шега ирс кхачарх воккхавеш поэта язйина байташ мукъаме ерзайо вайн махкарчу тоьллачу иллиалархоша, йишлакхархоша. Ишттачарехь цхьаъ ю РСФСР-н хьакъйолчу артисткас Айдамирова Марьяма ша мукъам баьккхина дIалокхуш хила «Хин йистехь» цIе йолу йиш.

Суьйренца, хилларш дагалоьцуш,
Хин йистехь тийна Iара со,
Хетара суна со ирс доцуш,
Вацарна, доттагI, сайца хьо.
ТулгIенна тулгIе коча хьерчаш,
Хи суна хьалхха дIадоьдура,
Ойланна ойла тIаьхьа керчаш,
Мел дайнарг дагаоьхура…

I958-чу шарахь дара Сулаев Мохьмадан байтийн дуьххьарлера гулар араяьлча. «Безаман эшарш» цуьнан цIе. Къоман литература езачарна мерза кхаъ хилла сихонца дIасаяьржира «Безаман эшарш» Нохчийчохь. ЦIеначу ненан маттахь язйина, дешархочун кхета атта яра «Безаман эшарш» гуларан юкъара байташ. Бакъду хийрачу махкахь хьегначу халоно, дерриге а нохчийн къомо санна текхначу Iазапо хьекъал ирдина, синкхетам сербаьккхина, амал яхчийна волу Сулаев Мохьмад еккъа цIена поэзехь къахьегна Iаш вацара. Цо жигара болх бора прозехь, публицистикехь, гочдаршкахь.
   I959-чу шарахь арайолу цуьнан  «Велларг денвар» цIе йолу дийцарийн гулар. Нохчийн халкъан дахарера хIуо детталуш  Сулаев Мохьмадан дийцарш. Деша атта, дешархочун синакIоргене кхийдаш ду уьш. Масала  «Велларг денвар» дийцар бакъдолчунна тIера схьаэцна, нохчийчохь болх бечу лоьрийн корматаллин хьунарех,церан атта боцчу къинхьегамах ду. Баккъала Iаьнан юккъерачу баттахь ткъех дийнахь Iиллинера, «Башлам» цIе йолчу меттигана уллехь, цхьана орчу  лаьттах дIатаIийначохь зуламхоша чевнаш йина стаг. (Дийцарехь-м цуьнан цIе хийцина ю).Ларамза нахана каравина больнице вадийча, юьхьанца массарна вела моьттуш хила стаг, цхьана воккхачу лоьрана дийна вуй хиънера, ледарчу хьолехь велахь а. Амма лоьраша шайн ницкъ кхочург дерриге динера пациент метта вало. Цунах дукха яздора Соьлжа-ГIалахь зорбане довлуш хиллачу газеташа. Ткъа Сулаев Мохьмада исбаьхьаллин басарш ца кхоош, говза лоьраш туралхой бина дийцаре ерзийнера вайн дукхах болу махкахой цецбаьхна инзаре киртиг. Иштта бакъдолчун тIера схьаэцна яздечу дийцарша вайнехан тоьллачу яздархойн могIаре хIоттийра Сулаев Мохьмад.

          НОХЧИЙН  КЪОМАН ТЕАТРАЦА ПОЭТАН ХИЛЛА ГЕРГАРЛО

Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарахчу Нохч-ГIалгIайн паччалкхан драмин театраца доккха гергарло дара Сулаев Мохьмадан. Цо цкъа а цхьа а премьера тIех ца йолийтора ца хьожуш. МогIарера хьажархо хила Iаш вацара иза. Шена ца тайнарг, тIаьхьша ца дуьйцуш, актерашка, режиссершка юьхьдуьхьала дIаолура, керлачу спектаклашна рецензеш язйора, уьш вайн махкахь арадовлучу а, Москвахь арадовлучу а газетийн агIонаштIехь кест-кеста зорбане йохура. Амма цу тIехь чекхболуш бацара поэтан болх. Иза шайн тешаме доттагI вуй хуучу театран белхалоша Сулаев Мохьмадах сих-сиха тешадора, кхечу къаьмнийн драматургийн говзарш нохчийн матте яхар. Масала I50 шо хьалха оьрсийн сийлахь воккхачу яздархочо Гоголь Николайс язйина «Зудаялор» комеди I960-чу шарахь Сулаев Мохьмада ненан мате гочйина Нохч-ГIалгIайн паччалкхан драмин театрехь хIоттийра режиссера Харлип Павела. Цул тIехьа шо а далале, дуьненна гIаравааьлла вевзачу жIайхойн поэтан Гамзатов Расулан «Асет»  цIе йолу поэма Сулаев Мохьмада нохчийн матте яьккхина, «Ламанхо» («Горянка») спектакль хIоттийра режиссераша Минаев Минайс а, Горькая Лидияс а. I964-чу шарахь азербайджанийн яздархочун Абассов Сейфеддин Алиага оглын  (Даглы Сейфеддин) «Хьан цIе-хьан беркат» цIе йолу комеди а Сулаев Мохьмада нохчийн матте йоккху, вайнехан театран сценитIехь режиссера Харлип Павела спектакль хIоттайо оцу самукъанечу говзартIехь. Къиемата ша гочйиначу пьеситIехь хIоттийна яцахь а  Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарахчу Нохч-ГIалгIайн паччалкхан драмин театран сценитIехь премьера хиллачу спектаклана рецензи язъян а сихлора, нохчийн къомах хьакхалуш мел долчун бала кхочуш,цунах дог лозуш а волу поэт. ЦIарахазмана язъеш рецензеш яцара уьш. Муьлххачу спектаклехь дика нисделлачух хастаме дош ца кхоодора, кхачамбарш тосаделлехь царна тIе тидам озабора. Нохч-ГIалгIайн республикехь болчу шуьйрачу хааийн гIирсашкахь зорбане яларх тоам беш вацара поэт. Баккъала шена дика нисъелла хетачу спектаклахь  Москвахь зорбане долучу «Советская культура» газете яздора Сулаев Мохьмада. Цунна къеггина тоьшалла I960-чу шеран  хьаттан (август) беттан I8-чу дийнахь ерригесоюзни «Советская культура» цIе йолчу  газетан агIонаштIехь араяьлла Сулаев Мохьмадан «Бунт горянки» статья. Бадуев СаьIидан «ПетIамат» драмитIехь режиссера Батукаев ХIарона хIоттийначу спектаклах ю статья. Лерина довха дешнаш лехьош Сулаев Мохьмада хеставо драмин автор Бадуев СаьIид, цуьнан башхачу говзартIехь исбаьхьа спектакль хIоттийна нохчийн режиссер, коьртачу турпалхочун ПетIаматан васт кхоьллина артистка Алиева Тамара, иштта кхин болу артисташ а. Нохчийн къоман культурех, цуьнан заза хеца хьагначу театрах, сценитIехь доза доцу хьуьнарш гойтучу актерех воккхаверца язйина Сулаев Мохьмадан «Бунт горянки» статья. Цунна дерриге а дуьнна дIахаийта лаьа,нохчийн къам шен ворхIе да ваьхначу лаьтта тIе цIадирзини а, иза дийна дуй а,кхечу къаьмнийн санна театр йолуш иза дехаш дуй. Ша схьаваьллачу къоман яхь йолу кIант хиларна, цуьнан бIаьрлачу кхиамех воккхавеш, кхачамбацарша дегаIийжам латтош хиларна язйина поэта театрах, литературех, ерриге а нохчийн культурех а маьIне статьяш. Делан къинхетамца Сулаев Мохьмада журналистикехь йитина сирла лар  цкъа а шен мехалла  йовр йолуш яц. Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарахчу Нохч-ГIалгIайн паччалкхан драмин театраца дуккху шерашкахь лаьттина мерза уьйраш, тахана а нохчийн яздархойн къоначу чкъуро шайх масал эца хьакъдолуш ю.

         СУЛАЕВ МОХЬМАД БАКЪВОЛУ НОХЧИЙН  ЯЗДАРХО

Iаламат йоккха лар йитина Сулаев Мохьмада нохчийн литературехь.Цо цхьабосса кхиамца болх бина, хьалха вай билгала ма  даккхара поэзехь, прозехь, публицистикехь, гочдаршкахь. Цкъа а цхьана жанрехь сецна вац иза. Мел оьшу шорта ю байташ, балладаш, поэмаш. Нохчийн халкъан барта кхоллараллех шуьйра пайда оьцуш хилла поэта. I96I-чу шарахь араелира Сулаев Мохьмадан «Даймехкан зIаьнарш» цIе йолу книга. Цул тIехьа мел дукха яра уьш; «Дагчуьра суйнаш», «Йовш йоцу цIе», «Бакъдерг», «Лаьттан бос», «Сирла суьйре» иштта кхин ерш  а. ХХ-чу бIешеран 60-гIа шераш юккъе доьлхуш дара Сулаев Мохьмадан «Товсолта ломара дIавоьду» цIе йолу роман араяьлча. Шен дукхах йолчу байташкахь санна, шен бIаьргашна гина, экамчу дагца хуьйдина, нохчийн къомо доьналлица, доза доцчу собарца лайнарг дара яздархочо йолчу таронца книгаешархойн кхеле диллинарг. ТIаьхьо,  доха карзаха даьллачу советийн Iедало низаман урх малйиначу муьрехь, чулацам тобеш, шорбеш дикка тIебуьзина «Лаьмнаша ца дицдо» керлачу цIарца кхин цкъа  а зорбане йоккхура ю Сулаев Мохьмада и башха роман. Нохчийн къоьжачу лаьмнашкахь советийн Iедало  нохчийн халкъана тIехь олалле ерзийна латтийначу къизаллех ю похIмечу яздархочун и мехала роман. «Товсолта ломара дIавоьду» цул тIехьа «Лаьмнаша  ца дицдо» цIе йолчу говзарша дуьйцу вайн турпалчу дайша лайначу халонех, Дела воцург накъост воцуш, цара текхначу Iазапах. Вайнехан дахарера ткъа шо хан чулоцуш ю роман. I940-чу шерашкара дIадоладой ХХ-чу бIешеран 60-чу шерашкахь кхачадо авторо шен дийцар.     Куьзганахь санна шера схьагойту Сулаев Мохьмада немцойн фашисташа ямартлонца СССР-на тIелатар дина Сийлахь Боккха Даймехкан тIом боьдуш болуш вайн махкахоша толаман де герга кхачо болчу лаамца хьегна къа. ЦIечу эскаран бIаьхошна гулйина йовха бедарш, шайна ца юуш а, тIаьхьа кхехьийтина сурсаташ, къинхьегаман эскарехь (Трудовая Армия) де-буьйса ца лоьруш, мостагI чекх ца валийта дуьхьалонаш яр. Эххар а, буьрсачу тIамо гIелдина халкъ махкаха даккхар. Иштта говза, шуьйра, кхачам болуш язйина вайнах махкаха бахарх говзарш хилла яцара Сулаев Мохьмадан «Товсолта ломара дIавоьду» романал хьалха. Цхьана яздархочун кхиам хила Iаш бацара «Товсолта ломара дIавоьду» роман. Иза ерриге нохчийн къоман литературин кхиам бара, цуьнан (литература) гIеметта хIоттаран хьалхара гIулч а яра. Цундела  ХХ-чу бIешеран 90-чу шерашкахь Сулаев Мохьмадан «Лаьмнаша диц ца до» роман араяьлча къоман литература езархой сихбеллера иза еша, цунах марзо эца. Вайн махкахошна массарна мерза кхаъ  хилира оьрсийн матте яьккхина «Лаьмнаша диц ца до» роман Москвахь I992-чу шарахь араяьлча. Цхьана кепара щеко хуьлийла доцуш шен декъазчу халкъана хьалха долу яздархочун декхар кхочуш дина ала мегар ду Сулаев Мохьмада уггаре а халчу хенахь, советийн Iедал  олаллехь чIагIделлачу муьрехь, «Товсолта ломара дIавоьду» роман язъярца, тIаьхьо иза  тойина, шорйина «Горы помнят» цIарца оьрсийн маттахь зорбане яккхарца. Дикка доьналла, майралла, хьуьнар,говзалла оьшуш яьккхина гIулч яра иза нохчийн похьмечу яздархочун сирлачу кхоллараллехь. Кхин хIмма Сулаев Мохьмада дина ца хилча «Товсолта ломара дIавоьду» роман бахьнехь  нохчийн къоман иэсехь юьсур йолуш яра яздархочун сийлахь цIе.  Ткъа цо дина диканаш-м дийцина ца валлал дукха ду.
     Ерриге а россихь вевзаш, лоруш поэт вара Сулаев Мохьмад. Цуьнан оьрсийн матте гочйина говзарш кест-кеста зорбане йохура ерригесозни журналаша; «Знамя», «Дружба народов», «Октябрь», «Дон» иштта кхечара. Вайн турпалхочун зевне байташ ган аьтто хуьлура «Литературная Россия»  газетан агIонаштIехь. Ткъа вайн махкахь зорбане буьйлучу шуьйрачу хаамийн гIирсаш-м цкъа а хадийна дац нохчийн хьуьнаре поэтаца, яздархочуьнца Сулаев Мохьмадца долу гергарло. Цуьнан байташ, дийцарш, статьяш кест-кеста гора «Грозненский рабочий», «Ленинан некъ», «Сердало», «Косомольское племя» газетийн агIонаштIехь а, «Орга», «Ломан Iуьйре» журналийн агIонаштIехь а. Жима, йоккха, муьлхха Сулаев Мохьмада язйина говзар схьаэцча, иза адамалла, къинхетам, маслаIат, машар хестош хуьлура. Цуьнан дийцарша даймохк беза, нохчаллех къилба дан, хьуо схьаваьллачу халкъах а, цуьнан оьздачу гIиллакхех дозалла дан Iамавора. Алссам говзарш ю Сулаев Мохьмадан доьналла, стогалла, къонахалла хестош. Амма кхин а дуккху ю цуьнан уьш адамалла, гIиллакх-оьздангалла, доттагIийн уьйр-марзонаш хестош. Делахь а Сулаев Мохьмада санна кIеда-мерза, дешархойн сикIоргене кхийдаш безамах говза дош аьлла поэташ дукха бац къоман литературехь. Оцу бакъдолчо таро хуьлийта вайна дукхавезачу дешан говзанчах поэт-лирик ала. Цунна къеггина тоьшалла ду поэтан «Дагалецар» цIе йолу байт.

Цу батто буьйсанна, стигланийн ога
Цоьстуш, шен нахарца мархаш ма огура…
Безаман алуно ягийна чIогIа,
Боданехь сан цIе ахь юх-юха йохура,
Тахна а хьан оза сан лерехь дека,-
Хетийца хIинца а ахьа кхойкхуш соьга,
Кхин гуш а, хьан амат бIаьра хьалха лепа,
Мотт луьйш а кхечуьнга, дог луьй сан хьоьга!
Малх а го тахана бIе нур латийна,
И лепа, цIеххьана эзарза совбаьлла:
И лепарг сан ирс ду, малхаца ийна,
Кийра ца тарделла, цу стигла даьлла!..

      Ерриге а кавказехь гIараваьлла вевзаш а, лоруш  а поэт вара Сулаев Мохьмад цуьнан байташ гочйина гIалгIайн, хIирийн, гIебартойн, балкхархойн, гуьржийн, гIумкийн, гIазгIумкийн, жIайхойн, лаьзгийн иштта кхечу къаьмнийн меттанашка. Ша схьаваьлла нохчийн халкъ, дай баьхна латта дезаро вина поэт вара иза. Шен махкахь хьаналчу къинхьегамца ирс карийна стаг а вара. Экама  дагчу ца  тарлуш и ирс дукхабезачу махкахошца декъарх хьаьгна зевне аз дара поэтан башхачу байташкахь декарг. Халкъана, махкана оьшуш стаг вара Сулаев Мохьмад, вайна массарна юьхькIам бара нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь цхьабосса хьекъале, оьзда, цкъа а цхьанне а хеставалар доцуш, къамел дан хууш стаг къоман литературехь къахьоьгуш хилар. Амма, мел хала хеташ делахь, хастам хиларо АллахI-Дала чуьркан тIома ца лийрина, къеста дезаш дуьне ду-кх хIара! I992-чу шеран лахьанан (ноябрь) II-чу дийнахь детталучуьра сецна поэтан доза доцчу комаьршаллин дог. Дуьненчохь ша даьккхинчу 72 шарах, 55 шарахь беркате серло яржош ваьхна поэт Сулаев Мохьмад лаьттан кийра вирзина, шен ворхIе да ваьхначу нохчийн ширачу юьртахь-ГIойтахь. Делахь а вайца яха йисина поэтан мах беркат хила сирла кхолларалла, цкъа а дагчуьра дIадер доцу Сулаев Мохьмад оьзда амат а.

 

 

Просмотров: 40 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close