17:06
Сулейманова Зайнапи: Ненан мотт кхиор – коьрта декхар лору ас

 

 

Нохчийн литературица шовкъ йолучарна дика евза Сулейманова Зайнапин ц1е. Цо язъен дукха хан ю. Шен мотт безаш волчун цу маттахь яздар а говза нисло. Х1ора дийнахь ша деш долу къамел ненан маттахь дешверг шен мотт ларбеш ву, ткъа оцу маттахь яздешверг – и кхиош ву. Дукха жима йолуш дуьйна кхетта Зайнапи оцу Iилманах. Хийла шен да волчу хIусамехь хуьлуш хиллачу вайн баккхийчу яздархошка ладегIна а яра ша олу Зайнапис: «Цкъа, со жима йолуш, Ами волчу веара Ошаев Халид. Сайна хуучух хьошалла деш, чай луш, хьаьвзира со. Со, язйо бохуш, бахьанаш лелош юйла а хиина, суна хьехар дира: «Дийца а ца дуьйцуш, сурт х1отто хьажа, сюжет гайта, тIаккха тIеатIкъам алсам хуьлу», - аьлла. Ас тахханалц диц ца дина цо хIетахь сайга аьлларг.

Бакъдерг дийцича, со жима йолуш сан денанас а дукха туьйранаш дийцина суна, церан тIеIаткъам а хила тарло суна сайн болх безар».

Ненан марзонах дукха жима йолуш дуьйна а хьегна ю ша элира Зайнапис. Цунна а хила тар­ло къоначу дешархойн-берийн проблемаш Зайнапина герга хилар, «Сте­лаIад» журналаца доттагIалла хилар. Баккхийнаш кегийчех хуьлуш бу. Бераллехь йина терго мах хадийна ца валлал еза ю. Зайнапин говзарш ешначу берийн дегнаш чохь Iаламе, са долчу хIуманашка къинхетам, безам хир бу аьлла хета. ХIунда аьлча, цо дукха хаза кхуллу экханан васт, масала, «Ши тарсал», «Хелхайолу зу», «Микки», «Тоти» цIерш йолчу а, иштта кхечу а дийцаршкахь. Берашна язъеш вайн литературехь яздархой кIезиг хилар лерича-м муххале а деза ду Сулейманова Зайнапис дийриг. Тхан корреспондентан хаттаршна жоп луш шен кхоллараллех а, дахарх а Зайнапис иштта дийцира:

– Дуьнен чу яьлла Се­мипалатински областехь хьехархочун, поэтан доьза- лехь. Да – Сулейманов Ахьмад, нана – Муцалханова Элипат.

Литературе безам кхоллабелла ишколехь доьшуш йолчу муьрехь, цхьацца статья, заметка, стихотворени язъян гIерташ хилла. Газете яхьийтинарг зорбане яьлча, ч1ог1а кхаъ хуьлуш, оцу гIуллакхо йийсар йина, юкъаозаелира.

М.Ю.Лермонтовн кхолларалло боккха тIеIаткъам бина сан дог-ойланна.

Сайн хьалхара стихаш тхайн дечарех таръян гIерташ, язйина, х1унда аьлча, уьш суна чIогIа товш хиларна а, иза суна уллера масал хиларна а.

Амма тIаьхьуо сайн йозанан хатI а, некъ а хаьржира ас.

Хьалхара мур поэзих лаьтташ бу сан, амма иза лекха а, башха а, исбаьхьа а искусство ю. Амма сан коьрта жанр, сан йо­занан белхан башхо кхуллуш йолу жанр – иза про­за ю.

Суна атта ду цу жанрехь язъян, сюжет атта а, боккхачу лаамца а, даггара а гайтало соьга цу жанрехь.

1980-чу шарахь зорбанера араелира сан «Дегайовхо» цIе йолу| стихийн гулар, 1983-чу шарахь «Сан кхане» боху стихийн гулар а елира серлоне.

«СтелаIад» журналаца гергарло а ду сан иза кхолладелчахьана дуьйна. Дукха дийцарш, масех туьйра, мелла а стихаш зорбане йийлина сан журналан агIонаш тIехь. Наггахь суна совгIат а дора цу журналан кхеташоно – язйинчун мах хадош.

2005-чу шарахь бе­рашна леринчу сан дийцарийн гулар а яьлла зорбанера.

Туьйранийн тептар (ру­копись) а ду кийчча Iуьллуш, цуьнан киншка ара- яларе сатуьйсуш а ю со.

ТIаьхьарчу хенахь жигара дакъалоцу ас муьран зорбанехь, кест-кеста газетийн агIонаш тIехь сан статья я дийцар, я туьйра ган тарло. Дукхахьолахь, берашна лерина а язйо ас сайн материалаш.

Нохчийн маттахь ал­сам язйо ас, хIунда аьл­ча, вайн ненан маттахь язъеш берш кIезиг хуь­лу, ткъа вайн мотт кхиор, иза чIагIбар, стамбар, къоначу чкъурана марзбар вайна тIехь ду. Цу тIехь мало яхь, эшамехь хир ду вай. Шен къоман мотт дIатеттинарг, иза бицбинарг – галваьлла, къам дац цуь­нан, кхане а, я тахне а яц. Цуьнан маьIна дийцина а вер вац. Дукха ду цунах ала луург.

Суна вайн мотт беза, цунах йоккхае со, исбаьхьа литературин гIирс бу иза, нагахь хьо произведени кхолла, сюжет гайта лууш, Iалашо лаьцна велахь.

Ша хууш, безаш волчунна йист йоцу х1орд бу нохчийн мотт, Мел оьшу басарш ду цуьнца, хьалдолуш ю цуьнан лек­сика, чот йоцуш ю цуь­нан сурт хIотторан башхаллаш.

Кест-кеста радион эфирехь хеза сан туьйранаш, дийцарш. Учебникаш юккъеа яхийтина сан цхьаццайолу говзарш.

Сайн дена Ахьмадна г1о деш а хилла «Топо­нимия Чечни» ц1е йолу онда Iилманан-этнографически болх зорбане кечбеш.

1971-чу шарахь ЧИГПИ чекхъяьккхина ас. 4 шарахь юккъерчу ишко­лехь хьехархочун болх бина. 20 шарахь киншкаш зорбатухийлехь балхахь хилла. ТIаьхьарчу шерашкахь кхоллараллин балхана тIейирзина, цунна дIало ас сайн ерриг а хан.

Сайн ден Ахьмадан биографи зорбане кечъян дагахь а ю со, хIунда аьлча, со бен, и болх бан говзалла йолуш тхан доьзалехь цхьа а вац. И декхар суна тIехь ду.

Сайна новкъа хетарг ца аьлча ца Iало со. Даккхий къамелаш-м дора вай, маьхьарий а хьоькхуш: «Нохчийн мотт юхаденбан беза! Иза баржо беза, къоначарна марзбан беза! И коьрта мотт хила беза! И ца хилча, вай къам дац!», – бохуш. Амма цхьа хIума дукх б1аьргех а, дагах а Iитталуш: оццул базбина буьйцучу вайн нохчийн маттахь цхьаъ бен газе­та хIунда дац – («Дай- мохк»), цхьаъ бен жур­нал а дац («Орга»), цхьаъ бен берийн журнал а дац («Стела1ад»), ХIокху мехкан а, вайн меттан а бала болуш массо а хила везара аьлла хета суна, шинна-кхаанна хил­ла ца Iаш, массеран а, хIораннана юкъара хила безара цуьнан сингаттам. Амма вайна массарна а дика хууш ду – иза ишт­та дац. Йозанца болх беш боцурш кхин а шортта ма бу вайн махкахь хьаькамаш а, хьуьнар дерш а. ХIора а, деккъа шен цхьа гIуллакх дина ца Iаш, юкъара гIуллакх дан а тIера хила везара. Дала кхачадойла вай оцу кхетаман тIегIане.

Некха тIе буйнаш деттарх мотт денлур буй техьа вайга?

Стохка Гуьмсехь 23-чу апрелехь Нохчийн меттан денна лерина д1адаьхьначу даздаршкахь ахчанан совгIат а делира суна. Сайн ненан маттахь кхи-д1а а иштта къахьега ойла ю сан, Дала мукъ лахь!

Иза дукх сан тахана сайн дахарх а, кхолла­раллех а ала.

 

Сулейманова Зайна­пи къамеле яьккхинарг -

БИШАЕВА Айза.

Просмотров: 92 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close