13:59
Толаман де. Даудов Гилани

Толаман Де!

Фашистийн эскарша мехкаш д1алоьцуш,
Шайна схьаевзича и т1еман къахь.
Жима а, воккха герз буйна лоьцуш,
Т1амна д1ах1иттина дисахь я лахь.

Мостаг1чун т1елатар х1оразза хадош,
Дозанаш лардарца дуьхьало еш.
Тоьпан х1оъ кхетарх дуьне а 1адош,
Дийна верг лаьттина дуьхьал т1ом беш.

Г1аланаш ларъярца мостаг1чух леташ,
Маь1-маь11ехь нисдаларх халонаш ловш.
Кхидолчу къаьмнашца вошалла хеташ,
Лелийна шадерриг г1иллакхехь товш.

Даймехкан маршоне денна сатуьйсуш,
Вайн нохчийн к1енташа гайтина яхь.
Цу к1ентийн доьналла хасторца дуьйцуш,
Язйина ц1ерш ма ю г1аланашкахь.

Абухьаьжа, Ханпаша дуьнено лоруш,
Даймахко дозал деш йоккхуш шайн ц1е.
Хьакъ бу уьш язъян ц1ерш дешица кхолуш,
Вайн махкахь х1оттийнарш - Толаман Де!

Даудов Гилани

Просмотров: 34 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close