06:23
Весет. Даудов Гилани



Со а цкъа воккхур ву т1аьххьарчу новкъа,
Цхьа нах а хьийзар бу суна каш доккхуш.
Цул т1аьхьа хир вац со цхьанна а новкъа
Со везнарш гуллур бу, со новкъавоккхуш.

Тезет д1ах1оттор ду, сан кхалхар дерзош
Вевзачо тоьшалла дийр ду соьх лаьцна.
Харц дерг ма дийцалаш, со Деле верзош,
Сан весет кхочушде, ца дуьтуш тесна.

Вай вовшех къаьстар ду, шу дуьсуш буха,
Раг1 кхаьчнарг т1аьхьа а вог1ур ву суна.
Дуьненах къаьстинарг вог1уш вац вуха,
Цундела къинт1ера довлалаш суна.

Да-нана, йиша-ваша, доттаг1ий, бевзарш,
Лелийна гергарло, д1адер ду дерриг.
Хиэдар ду цу дийнахь сан деган мерзаш,
Со цхьалха 1уьллур ву шелвелла верриг.

Дахарна т1аьххьара буьллур бу т1адам,
Сан ц1арах кошан барз х1уттур бу лаьттахь.
Чурт а д1адуг1ур ду билгалдеш адам,
Сан х1усам къасторца цу кешнийн кертахь.

Вай цигахь гуллур ду, дуьненах довлуш,
Дуьненахь вай-м хьеший санна ду дехаш.
Дехар ду, хьешана ков д1а ца къовлуш,
Вовшашца бертахь, шу мерза 1елаш!

 

Просмотров: 36 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close