22:10
Виситаева Тумани

Б1аьсте йог1у адмийн дегнаш ирсе деш,
Хьозарчий ду вовшийн лерехь шабарш деш,
Заза хецна сан Нохчийнчоь къагаеш,
Дада а ву, к1ента к1антана ага деш.

Б1аьсте йог1у адмийн дегнаш ирсе деш,
Хьозарчий ду вовшийн лерехь шабарш деш,
Зезаг даьлла сан Нохчийнчоь къагаеш,
Баба а ю, к1ентан йо1ана к1ажарш еш.

Б1аьсте яьлла адмийн дегнаш деладеш,
Кегийрхой бу, ловзаргахь шайн хелхарш деш,
Бераш ловзу жималлех шайн даккхий деш,
Къинхетам бу Дала Ша вайн халкъах беш.

Б1аьсте яьлла адмийн дегнаш деладеш,
Ц1ахь а, арахь, белхаш ду вайн каде деш,
Беш д1айийна, пеш латийна тхан бабас,
Гурахь хьаьжк1аш йоттур ю тхуна дадас.

Просмотров: 27 | Добавил: kanta_ibr | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar
close